Урок по чеченскому языку для 3 класса Предложени а, дешнийн цхьанакхетарш а


НохчийнмоттТема: «Предложени а, дешнийн цхьанакхетарш а»
1алашо: предложенех лаьцна болу хаамаш т1еч1аг1бар. Предложенехь дешнийн цхьанакхетарш довза а, схьакъасто а 1амор.
Билгалбаьхнакхиамаш: бераша карлабохур бу предложенех лаьцна болу хаамаш. Берашна хуур ду дешнийн цхьанакхетарш х1ун ю, уьш предложенина юкъара схьакъасто а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду дешнийн цхьанакхетаршкахь дешнаш коьрта, дозуш хуьлий, царна юкъара уьйр хаттарца билгалйоккхий. Берашна 1емар ду учебника ца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болхталлар.
Шардар № , аг1о
-Д1аеша предложенеш. Маца предложени ю текстехь?(Кхоъ)
-Муьлха предложенеш ю уьш? (Хаттаран)
-Муьлха хьаьркаш дохку церан чаккхенга? (Хаттаран хьаьркаш дохку)
-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ДЕЧИГ дош? (Дашехь доца шеконан мукъа аьзнаш далахь Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)
-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина ХЬОСТАМ дош? (Доца шеконан мукъа аьзна А,И,У хезаш хилча элп А яздо)
2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Меллаша охьаоьгу лайн чимаш. Лайн чимаш. Меллаша охьаоьгу.
-Д1аеша уьн т1е язйинарг. Муьлханиг ю предложен?(Меллаша охьаоьгу лайн чимаш)
-Муьлханаш яц предложенеш? (Лайн чимаш. Меллаша охьаоьгу)
-Х1унда? (Цара кхочушхилла ойла гойту)
-Д1аеша вайн тема. Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.
3. Керла тема хьехар.
а) Предложенешкахь дешнийн цхьанакхетарийн тидам бар.
Шардар № 135 , аг1о 68.
Д1аеша хьалхара предложени. Карае коьрта меженаш. (Охьаэга–сказуеми, чимаш –подлежащи)
-Х1инца хьовсур вай цу шинна меженан муьлхачу дешнашца уьйр ю.
-Кхин муьлха меженаш ю цу предложенешкахь? (Коьртаза меженаш: меллаша, лайн)
-Меллаша дешан муьлхачу дашца ю уьйр ? (Охьаоьгу дашаца)
-Муьлханиг ду цу шиннах коьрта? (Охьаоьгу)
-Коьртачу дашна т1ера хаттар ло дозуш долчу дашна т1е? (Охьаэга муха? меллаша)
-Цхьани ала и ши дош. (Меллаша охьаэга)
-Уьш дешнийн цхьанакхетарш ду. Дешнийн цхьанакхетаршна юкъахь цхьадош коьрта хуьлу, важа дозуш хуьлу. Коьртачу дашана т1ера д1а хаттар дала деза дозуш долчу дашана)
-Муьлхачу дашаца уьйр ю ЛАЙН дешан? (Чима дашац ю)
-Цхьана д1аала и дешнаш.(Лайн чимаш)
-Муьлханиг ду цу шиннах коьрта? (Чимаш)
-Коьртачу дашана т1ера д1а хаттар ло дозуш долчу дашна. (Чимаш стенан? лайн)
-Уьш дешнийн цхьанакхетарш ду.
(Иштта талла а толлуш, кхочушдо шардар)
аь) Бакъо таллар.
-Д1аеша 69 аг1он т1ера баъо.
-Дешнийн уьйр предложенехь муха евза? (Хаттарийн г1оьнца)
б)Дешнийн цхьанакхетарша предложенеш юзар.
Шардар № 136 , аг1о 69.
-Д1адеша хьалхарчу мог1анера дешнийн цхьанакхетарш. Предложени кхолла царех. (Хазачу б1аьстенал юьзна гуьйре тоьлу)
-Д1адеша шолг1ачу мог1анера дешнийн цхьанакхетарш. Предложении кхолла царех (Хин долу хьоза, бенахь дека.
(Иштта толлуш кхочушдо шардар)
-Д1аязъе предложенеш.
4. Сада1аран миноташ.
5. Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Предложенера дешнийн уьйр билгалъяккхар.
Шардар № 137 , аг1о 69.
-Д1аеша предложени. Кара е коьртамеженаш. Муьлхачу дашо гойту дар? (Хоьхку)
-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун до?)
-И муьлха меже ю? (Сказуеми)
-Караде подлежащи. (Стенах лаьцна дуьйцу сказуемино? (берех)
-Хаттар ло цу дашана? (Хоьхку ХЬАН? бераша)
-И муьлха меже ю? (Подлежащи)
-Схьаязде шайн хаттаршца шишша дош.
Бераша (х1ун до?) хоьхку.
-Уьш предложенин коьрта меженаш ю. Цара гойту предложенин маь1на. Предложенин коьртачу меженех дешнийн цхьанакхетарш ца хуьлу)
-Сказуемина т1ера хаттар даларца караде цуьнца дозуш долу дош. (Хоьхку х1ун? салазаш)
-Уьш х1ун ю? (Дешнийн цхьанакхетарш ду)
-Муьлхачу дашаца ю ша т1ехь дешан? (Сказуемица хоьхку)
-Хоьхку дашана т1ера д1а хаттар лой уьйр таса. (Хоьхку мичахь? ша т1ехь)
Шардар № 138, аг1о 70
-Д1аеша предложени. Карае коьрта меженаш. (З1аьнарша –подлежащи, хазйо- сказуеми)
--Кхин муьлха дешнаш диси предложенехь? (Маьлхан, 1уьйре)
-Муьлхачу дашца ю МАЬЛХАН дешан уьйр? (З1аьнарша дашца)
-Цхьани д1аала и ши дош. (Маьлхан з1аьнарша)
-Муьлханиг ду дозуш долу дош? Коьртаниг? (Коьртаниг-з1аьнарша, дозуш дерг- маьлхан)
-Коьртачу дашана т1ера д1а хаттар ло дозуш долчу дашана? (З1аьнарш СТЕНАН? маьлхан)
-Муьлхачу дашца ю 1УЬЙРЕ дешан? (Хазйо дашца)
-Цхьани д1аала и дешнаш? (Хазйо 1уьйре)
-Муьлха дош ду коьрта? Дозуш? (Хазйо-коьрта, 1уьйре дозуш ду)
6. Рефлекси.
-Муха кхасто йиш ю предложенина юкъара дешнийн цхьанакхетарш.
Билгалйоху коьрта меженаш.
Хаттарш ло царан т1ера дозуш долчу дешнашна7. Жам1 дар.
-Муха карор ю предложенехь дешнийн уьйр?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № , аг1о . Бакъо. аг1о .