Урок по чеченскому языку для 3 класса «Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздар»


Нохчийн моттТема: «Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздар»
1алашо: дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш яздаран бакъонаш цовзийтар, царех йозанехь пайдаэца 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна евзар ю дешан чаккхенга шала мкъаза элпаш яздаран бакъонаш, 1емар ду царех пайдаэца. Берашна 1емар ду текстехь шала мукъаза элпаш долу дешнаш каро, уьш нийса яздан, шайна хетарг бакъо ялорца т1еч1аг1дан. Берашна 1емар ду учебникаца болх банУрок д1аяхьар.
Ц1ера болх таллар.
Шардар № 174, аг1о 86.
2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Дийцар «Топ»
-Бераш д1айоьдуш урок хилла. Хьехархо хилла цу урокехь диктант язйойтуш берашка. Цхьана дешархочо хаьттина:
-Топ дешан чаккхенгахь цхьа П дуьллу я ши Пп дуьллу?
-Хьехархочо жоп делла. Хьо х1ума маца 1емар ю те? Цхьалгониг елахь цхьа П дилла, шалгониг ялахь ши Пп дилла.
-Нийса вуй и хьехархо? Шуна х1ун аьлла хета: муха яздан деза дош ТОП? (Берийн жоьпаш)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Д1аеша урокан ц1е.
3. Керла тема хьехар.
а) Дешнийн чаккхенгахь шала мукъаза элпаш яздаран тидам бар.
Шардар № 178, аг1о 88.
-Д1адеша дешнашДитт- дитташ колл-коьллаш мотт- меттанаш бутт-беттанашкласс-классаш ботт-баттарчий-Дитт дешан чаккхенгахь масса элп ТТ яздо?
-Муха хуур дара иза? (Дош хийца деза –дитташ)
-Мотт дашехь чаккхенгахь масса элп ТТ яздан деза?
-Муха хуур дара иза? (Дош хийца деза - меттанаш)
Муха хуур дара маца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш? Берийн жоьпаш.
аь) Бакъо таллар.
-Д1аеша бакъо.
-Маца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш?
--Маца ца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш?
б) Берашка шайгга болх байтарШардар № 179, аг1о 88.
4. Сада1аран миноташ.
5. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Чаккхенгахь мукъаза шала элпаш долчу дешнийн тидам бар.
Шардар № 181, аг1о 89-Итт дешан чаккхенгахь ших –НН х1унда яздина? (Иттаннаш -аьлла дош хийцича уьш шиъ хеза)
-ДИЙНАХЬ дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина? (Аз И деха хезаш хилча, цунна т1ехьа элп Й яздо)
-АЬХКЕНАН дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина?(ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршана жоьпаш луш долчу дешнийн чаккхенга -Н яздо)
аь) Дешан х1оттамах лаьцна болу хаамаш карлабахар.
Шардар № 182, аг1о 89.
-Хьозарчий дешан орам муьлханиг бу? (Хьоза –хьозарчий- орам хьоза бу)
-Муьлханиг ю чаккхе? (РЧИЙ)
(Иштта толлу важа дешнаш)
-ЮСИЙНА дашехь маса дешдакъа ду? (Ю_СИЙ_НА- кхоъ дешдакъа ду)
-Маса элп ду цу дашехь? (Ялх элп ду)
-Маса аз ду ? (Ворх1 аз ду)
-Х1унда ду ялх элп, ворх1 аз? (Ю элпо дешан юьххьехь хилча ши аз билгалдо)
-Муьлха аьзнаш ду цу дашехь? (Й ,У, С, И, Й, Н, А)
7. Рефлекси.
-Муьлха элп яздан деза аьлла хетта шуна ТОП дешан чаккхенгахь? Хьайна хетарг бакъде.
8. Жам1 дар.
-Маца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш?
-Маца ца яздо дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 180, аг1о 89. Бакъо аг1о 89.