Урок по чеченскому языку для 3 класса Дешан х1оттам. Орам


Нохчийн моттТема: «Дешан х1оттам. Орам».
1алашо: гергара дешнех кхетам балар.Гергарчу дешнийн юкъара дакъа хилар хаийтар, «орам» термин йовзийтар. Цуьнан маь1нех кхетор.
Билгалбаьхнакхиамаш: берашна девзар ду гергара дешнаш, хуур ду церан билгалонаш йовза (цхьатера дакъа, цхьа маь1на). Берашна хуур ду дешнашкара орам къасто, и къасторан коьрта бакъонаш евзар ю (дешан орам каро лаха деза гергара дешнаш). Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бакъонаш карлаяхар2.1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
-Караде совнаха дош.
Хьун, хьуьнхо, хьуьнан, дитташ.
-Муьлха дош ду совнаха? (Дитташ)
-Х1унда ду иза совнаха? (Дисина дешнаш цхьатера ду, ткъа дитташ дош цаьрца ца дог1у)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.
3. Керла тема хьехар.
а) Гергарчу дешнех кхетам балар.
-Бераш шун ц1ахь ду шортта адамаш: да, нана, йиша, ваша, денана, дейиша, деваша, деда)
-муха эрадара царах вуьшта? (Уьш гергара нах бу)
-Доьзалехь гергара нах цхьатера хуьлу. Ден к1ентан цхьатера б1аьргаш, болар, месш хила тарло. Ненан, йоь1ан цхьатера юьхь, болар, амал хила тарло)
-Иштта вайн маттахь дешнаш ду гергара. Толлур вай уьш.
-Мила ву акхарошна толлуш верг? (Таллархо)
-Х1ун ду цо лелош дерг? (Таллар)
-Хьенан ю топ? (Таллархочун)
-Хун до таллархочо? (Толлу)
-Х1ун деш 1а таллархо? (Толлуш)
-Д1аязде вай нисделла дешнаш.
Талла, таллар, таллархо, толлу, толлуш.
-Стенан тидам хили шун? (Цу дешнийн цхьатера дакъа ду)
-Нийса боху. Муьлханиг ду иза?(Талла)
-Х1ун маь1на ду цудешнийн? (Уьш дерриге талларх лаьцна ду)
-Цхьа маь1на ду ала мегар дуй церан? (Ду)
-И дешнаш гергара дешнаш ду. Гергарчу дешнашкара юкъара декъах орам олу. Муьлханиг бу иза вайна карийначу дешнашкахь? (Талла)
-Х1ун билгалонаш ю гергарчу дешнийн?
Юкъара дакъаЦхьа маь1на.
Ладог1а туьйране.
Цхьа ч1ара хилла хи чохь бехаш. Массо а х1ума дан ницкъ хилла цуьнан. Цхьана дийнахь ч1ерийн школе бахана хилла иза. Ц1а бог1уш ч1ерийлецархочо лаьцна иза. Адамийн маттахь дехар дина цо ч1ерийлецархочунга, ша д1ахеца аьлла. Ч1ерийлецархочо къа а хетта д1ахецна иза.
-Караде гергара дешнаш. (Ч1ара, ч1ерийн, ч1ерийлецархо)
-Муха хиира шуна уьш гергара дешнаш дуй. Муьлха билгалонаш хуьлу гергарчу дешнийн? (Юкъара дакъа, цхьа маь1на)
-Т1еч1аг1де шайна хетарг. (Дешанаш ч1ара, ч1ерийн, ч1ерийлецархо гергара ду, х1унда аьлча церан цхьа маь1на ду, юкъара дакъа ду)
-Муьлханиг ду иза? (Ч1ара)
-Цунах х1ун олу (Орам)
-Х1ун ю орам?
Аь) Бакъо таллар.
-Д1аеша бакъо.
-Стенахолуорам?
-Муьлхачу дешнех олу гергара дешнаш?
б)Гергарчу дешнийн тидам бар.
Шардар № 144, аг1о 73.
-Д1адеша хьалхара ши дош. Муьлханигбуцеранорам?(беш)
-Д1адеша шолг1а дешнаш.Муьлхадешнашдууьш? (Гергара)
-Муха хиирашуна? (Цхьа маь1на, юкъарадакъаду )
-Муьлханигбуорам? (Деша)
-Орамбилгал а боккхуш д1аязъе .
Шардар № 145, аг1о 74.
-Д1адеша кицанаш. Муха кхета шу царех?
-Карадегергарадешнаш. (Хазалла, хазйо, хазачу)
-Муьлханигбуцеранорам? (Хаза)
-Орамбилгал а боккхуш д1аязде кицанаш.
4. Сада1аран миноташ.
Эх1, ма хаза бу-кха из а!
Муттанах и мабубуьзна.
Куьгахькховдошлаккха,
1ажцут1ерабаккха.
Мохогенашлестадо,
Соьга1ажцабаккхало.
Кхоссалуш, куьгкховдорду,
Сихха1ажсхьабоккхурбу!
Эх1ма1ажбу-кха из а!
(Берашабайташ т!ехьдуьйцург до_
Муттанах и мабубуьзна.
5. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 146, аг1о 74.
аь)Т1адамийн меттана оьшу дешнаш х1иттор.
Шардар № 147, аг1о 74.
-Д1аеша хьалхарапредложени. Хьуьнха мила вахара? (Таллархо)
-Д1аязде и дош т1адамийн меттана.
-Барзана топ хьанкхоьссира? (Таллархочо)
-Д1аязде и дош т1адамийн меттана.
(Ишттатоллуважапредложенаш_
-Карадегергара дешнаш.Д1адеша.
-Шайнахетаргбакъде учебника т1ехь магайттара. (Талла, таллар, таллархо, таллархочундешнашцхьаорамболушду. Церанюкъарадакъа ТАЛЛ_ ду. Уьш маь1ница гергараду.
6. Рефлекси.
-Х1ун кхиамашбехиаша?
7.Жам1 дар.
-Муьлхачудешнехолугергарадешнаш?
-Гергарчудешнийнкоьрта ши билгалойовзийта?
-Стенахолуорам?
8.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 151 , аг1о76. Бакъо аг1о 75.