Урок чеченского языка в классе Чолхе-цхьанакхеттачу предложенехь дозаран а, къасторан хуттургаш.


Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенехь дозаран а,
дуьхьлара а, къасторан а хуттургаш.
Iалашо: I. Цхьаьнакхетаран хуттургийн тайпанех а, церан маьIнех а,
чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенехь дохкучу сацаран
хьаьркех а дешархой кхетор.
2. Даймахке безам кхиор.
3. Дешархойн къамел кхиор.
Урок дIаяхьарI. ЦIахь б/б талларI. Дешархошка хаттарш.
- Муьлхачу чолхечу предл-х олу чолхе-цхьаьнакхетта предложени?
- ХIун тайпа дозаран гIирс хуьлу чолхе-цхьаьнакхеттачу предл-хь цхьалхенаш вовшахтосуш?
2. Барта кхочушдо № I77 шардар.
II. Iамийнарг карладаккхарДIаязйо байташ.
Вай бийриг Даймехкан тIом беца, кIентий!
Даймехкан ирс лардар сий деца, кIентий!
Къонахий летачохь толам бу даим,
Вай дайша бакъ лардан Iамадар дай им!
- Стеган сий, оьздангалла, гIиллакх, ерриге цуьнан дика амалш маца билгалйовлу?
- Шен Даймехкана муьтIахь хиларца.
- Къонахчунна уггаре йоккха сийлалла муьлха ю?
- Даймохк ларбечу тIаме хIоттор.
- М.I. шен стих-хь хIун билгал-на?
- Къонахий майралла, къонахалла.
- Предложенина бе морфологически къастам.
- Дийца, чолхе предложени юй цу юкъахь?
III. Керла коьчал йовзийтарЧолхе-цхьаьнакхеттачу предл-хь цхьаьнакхетаран хуттургаш.
I. Дозаран хуттург: 2. Дуьхьлара: 3. Къасторан:
А-а амма, ткъа, бакъду, я
МаьIна: хуьлуш делахь а, цхьабакъду. МаьIна: предл-на
дерг цхьаъ цхьанна МаьIна: цхьана предло- чохь дуьйцуш дерг
тIаьхьа я цхьана жени чохь дуьйцуш хийцалуш хиларзаманчохь кхочуш- дерг вукхунна дуьхьлара я кхочушхила тар-
хилар. маьIна долуш хилар. лучарах цхьаъ
къаст.
2. Гайтаман гIирс тIехь а учебник тIехь а б/б.
- Маса тайпа хуьлу цхьаьнакхетаран хуттургаш? Еша хьлхарчу хуттурган цIе. ХIун маьIна ду цуьнан? Деша масалш.
- Еша шолгIачу хуттургийн цIе. Маса хуттург ю дуьхьлара? ХIун маьIна ду церан?
- КхоалгIачу тайпанан хуттурган цIе еша. Маса хуттург ю къасторан?
3. Параграф еша.
IV. Iамийнарг тIечIагIдарI. Кхочушдо № I75-гIа шардар.
V. ЖамI дар.VI. ЦIахь б/б. Шардар № I75-гIа, п.45.