Урок по чеченскому языку на тему Терахьдешнийн нисаяздар



Нохчийн метан урок

6-г1а класс

Тема: Терахьдешнийн нисаяздар

1алашо:дешархойн терахьдешнийн долу хаарш т1еч1аг1дар;терахьдешнийн нийсаяздар бакъонаш йовзийтар; дешархой кхетош-кхиор.

Т1ехьажаман г1ирс: Терахьдешнийн нийсаяздаран таблица, кехаташ, орфографин дошам.

Урок д1аяхьар
Ц1ахь бина болх таллар.
§24, 144-г1а шардар

1амийнарг карладаккхар.

- Х1ун гойту терахьдешо?
-Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?
-Даладе масалш цхьалхе а, чолхе а, х1оттаман а терахьдешнаш?
-Дийца терахьдешнийн кхолладаларх лаций.

Тесташца талам бо дешархойн терахьдешнех долчу хаарийн.

Тест 1. Х1уманан рог1алла я масала муьлхачу къамелан декъо гойту?

а) хандашо;
б) ц1ерметдашо;
в) терахьдашо+.

Тест 2. Ц1ердашца цхьаьна лелачу терахьдешнаш х1ун терахьдош олу?

а) лааме;
б) лаамаза+;
в) ларамаза.

Тест 3. Масаллиин терахьдешнех рог1аллин терахьдешнаш муьлхачу суффиксийн г1онца кхоллало?


а) –лг1а,-алг1а+;
б)-рг,-рш;
в) иг,-ниг.


Тест 4. Предложенин муьлха меже хуьлий лела лаамаза рог1аллин терахьдош?

а) латам;
б) къастам+;
в) кхачам.

Тест 5. Предложенин муьлха меже хуьлий лела лааме рог1аллин терахьдош?

а) подлежащи я къастам;
б) подлежащи я сказуеми;
в)подлежащи я кхачам+.

Тест 6. Муха кхоллало декъаран терахьдешнаш?

а) масаллин ши лард цхьаьнакхетарца+;
б) рог1аллин ши лард цхьаьнакхетарца;
в) чолхе терахьдешнаш цхьаьнакхетарца.

Тест 7. Муха кхоллало дакъойн терахьдешнаш?

а) рог1аллин терахьдешна масаллин терахьдош т1екхетарца;
б) масаллин терахьдашна рог1аллин терахьдош т1екхетарца +;
в) масаллин терахьдашна т1е суффиксаш кхетарца.


3. Хьалххе хаийтаран диктант.

1990-чу шарахь Нохчийчохь халкъо хаьржина Нохчийн депутаташ бара: Лакхарчу Советехь-113, районийн Советашкахь-990, яртийн, поселкийн, г1аланийн Советашкахь-2000Х1етахь лаххара а 50 эзар стагах лаьттара нохчийн интеллигенции.
(Хозуьйтуш доьшу терахьдешнаш, толлу церан нийсаяздар)

4.Кхетош-кхиоран болх д1абахьар.
Даладо г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кхо кица.
- Г1иллакхца бен къонах хила вац.
-Нехан даг т1ера вожарал докха вон дац.
-Болх бечу кхаьчча-болх бе, юучу кхаьчча –яа.
Хьехархочун г1онца досту кицанийн маь1наш.

Ткъа х1инца г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кхин хьан х1ун дуьйцур дара?
( Шина дешархочуьнга дуьйцуьту шайна баккхийчаьргара хазнарш)

5. Керла тема йовзийтар.

Тайп-тайпанчу терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш, таблицах пайда а оьцуш, дешархошна йовзуьйту. Йоьшуьйту 24-г1а §бакъо. Пхеа дешархочуьнга карточкашца болх бойту.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар . Кхочушдо 146-г1а шардар.

Терахьдешнашна к1ел сиз хьокху, юьйцу нийсаяздаран бакъонаш.
-Мила ву оцу шардар т1ерачу кийсакан автор? (Айдамиров Абузар)
- Хьан дуьйцур дара Айдамиров Абузарах лаьцна?
- Муьлха произведении 1амийна аша Айдамиров Абузаран?

(Айдамиров Абузарах лаьцна дуьйцу, хаттаршна хоьпаш ло дешархоша)

7. Урокан жам1 дар.

Муха ю тайп-тайпанчу терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш? Даладо масалш.

8. Рефлекси яр.

9. Ц1ахь бан болх балар.

25-г1а §, мини-сочинени « Г1иллакх-ах дин»

10. Дешархойн белхийн мах хадор.


15