Урок по чеченскому языку на тему «Дешан х1оттам. Орам» 2-г1а урок


НохчийнмоттТема «Дешан х1оттам. Орам».
1алашо: гергара дешнех кхетам балар. Гергарчу дешнийн юкъара дакъа хилар хаийтар, «орам» термин йовзийтар. Цуьнан маь1нех кхетор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду гергара дешнаш, хуур ду церан билгалонаш йовза (цхьатера дакъа, цхьа маь1на). Берашна хуур ду дешнашкара орам къасто, и къасторан коьрта бакъонаш евзар ю (дешан орам каро лаха деза гергара дешнаш) Берашна хуур ду гергарчу дешнийн орамера мукъа аз хийцалуш хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург каро, цунах пайдаэца.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Шардар№ 151, аг1о 76.
2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Шардар №153, аг1о 77.
Хьу н
Хьуьн Хьуьн Хьуьн х а б е ш
б е ш а б е ш а б е ш а х о н
-Муьлха дешнаш хуьлу хьалхарчу кроссворда чохь? (Хьун, хьуьнхо, хьуьнан, хьуьнхара)
-Муьлха дешнаш хуьлу шолгачу кроссворда чохь? (беш, бешахо, бешара, бешахочун)
-Муьлха дешнаш ду уьш? (гергара)
-Х1унда? (Церан ду цхьа маь1на а, юкъара дакъа а)
-Д1адеша хьалхарчу кроссворда чуьра дешан. Муьлха дешанаш ду уьш? (Гергара)
-Х1унда? (Церан ду цхьа маь1на а, юкъара дакъа а)
-Тидам бе хьалхарчу кроссвордера дешнийн орамера мукъачу элпан? (Хийцаделла иза)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.
3. Керла тема хьехар.
а) Гергарчу дешнийн орамера мукъачу элпан хийцадаларан тидам бар.
Шардар № 148, аг1о 75.
-Д1адеша хьалхара ши дош.(Хьач-хьечан)
-Стенан тидам би аша? (Орамера мукъа элп хийцаделла)
-Д1адеша шолг1а наш.(Наж-ножан)
-Стенан тидам бира аша? (Орамера мукъа элп хийцаделла)
-Х1ун эр дара аша вай бинчу тидамах лаьцна? Къьаста де жоп.
Гергарчу дешнийн орамера мукъа элп хийцало.
Гергарчу дешнийн орамера мукъа элп ца хийцало.
-Д1аязде шардар.
аь) Бакъо таллар.
-Д1аеша бакъо.
-Х1ун эр дара аша гергарчу дешнех лаьцна?
б) Т1еч1аг1дар.
Шардар № 149 , аг1онаш 75-76.
-Муьлха дешнаш ду еък1овш чохь дерш? (Сийна, сийнаниг, сийналла, сенйо)
-Муьлха дешнаш ду карийнарш? (Гергара)
-Карабе церан орам? (Сийна)
-Кхин муьлха дешнаш ду цу чохь? (Дика ,диканиг , дикалла)
-Муьлха дешнаш ду карийнарш? (Гергара)
-Карабе церан орам? (Дика)
-Д1аязде дешнаш.
4.Сада1аран миноташ.
5. Керла тема кхинд1а а хьехар.
а) Берашка шайга болх байтар .Шардар № 150 , аг1о 76.
аь)Гергара дешнийн нийса тидам бар.
Шардар №156, аг1о 78.
-Д1адеша дешнаш.
-Гира мохь, хьокху мохь, газанан мохь.
-Уьш хир ду гергара дешнаш? (Дац)
-Х1унда? (Церан тайп-тайпана маь1наш ду)
-Д1аязде дешнаш.
а) Гергара дешнаш карор.
Шардар № 154 , г1о 78.
-Д1адеша хьалхара дош. Муьлханиг бу цуьнан орам? Каро йиш юй ? (Яц)
-Х1унда? (Цхьана дешан орам каро таро яц)
-Х1унда? (Орам гергарчу дешнийн юкъара дакъа ду)
-Х1ун дан деза орам каро? (Цу дашна гергара дешнаш лаха деза)
-Караде цунна гергара дешнаш. (Мангал-мангалхо)
-Муьлханиг бу орам? (мангал)
-(Иштта толлу важа дешнаш)
-Стенан тидам би аша? (Дешан орам каро гергара дешнаш лаха деза)
6. Рефлекси.
Карабе орам пондар дашана.
-Пондар-пондарча-юкъара дакъа пондар ду. Иза цуьнан орам бу)
7. Жам1 дар.
-Х1ун керланиг хии шуна гергарчу дешнех лаьцна?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар №155, аг1о 78. Бакъо 77.