Внеклассное мероприятие Поэзин суьйре


Наурски к1оштанМБОУ «Николаевски СОШ»
Поэзин суьйреЧулацам: «…Бекалахь, цхьа мерза - г1айг1ане мукъам! Декалахь лийрдоцу дош!»

х1оттийнарг: Мучураева Р.Т. Нохчийн меттан, литературан хьехархоПоэзин суьйре.
Чулацам: «Бекалахь цхьа мерза-г1айг1ане мукъам,
Декалахь лийрдоцу дош!»
Эпиграф: «Нохчийчоь,ас дозалла до хьох,дуьненна турпалхой кхиорна!»
Хьехархо: Вайн дахарехь йоккха меттиг д1алоцу къоман а, дуьненан а культуро.Ша дешна а,г1иллакх-оьздангалла йолуш стаг ву ала йиш яц цхьаннан а,нагахь культура евзаш а,езаш а иза вацахь.Х1унда аьлча , иза вайн синан кхача хилла лаьтташ ю,цуо вай ийманехь,оьздангаллехь совдоху шорбо вайн кхетам, нах беза а,къинхетаме хила а 1амадо.
Культура бохучу дешан шуьйра маь1на ду. Цуо юкъалоцу къоман 1ер-дахар, мотт, барта кхолларалла, г1ирсаш, духарш, герзаш, къоман истори. Цул сов, культурина юкъайог1у искусство а, литература а.
Дуккха а нах бу нохчийн культура кхиорехь къахьегнаа, тахана къахьоьгуш а, шайх доккха масал эца мегар долуш. (слайдашка хьовсар. «Культуран сийлахь векалш»)Деш-хо: З.Джамалханов «Теркан илланча».
1 Д1ахьошверг: Нохчийн къоман литература кхоллаярна шайн т1е1аткъам бина яздархоша, поэташа а. Цара вайн г1иллакхаш хаздина шайн дийцаршца, иллешца ,туьйранашца.
2Д1ахьошверг:Публицист,поэт, яздархо.Нохчийн къоман лит-ран бухбиллархо а волу С.С.Бадуев ца вевзаш цхьа а хир вац. Исбаьхьа маттаца ,х1оранна а кхета атта долчу дешнашца,дахарца к1орггера з1е хиларца билгалйовлу яздархочун произведенеш.Дахарехь адамашна уггар хьалха догдикалла, оьздангалла йолу ц1ена ойланаш йисар ч1аг1деш ду цуьнан дийцарш.(С.Бадуев сценка «Бешто»)
1Д1ахьошверг: Нохчийн литература циггара схьайог1у хир ю-кх, барта кхоллараллица, мифашкара,юха т1аьххье а ойланашкара- къаьсттинчу цхьана хиламе- бакъдолчуьнга- иллешка а йоьрзуш.(В. Дагаев «Даймехкан косташ» иллига ладуг1у).
2Д1ахьошверг: «Даймехкан косташ» Мамакаев Мохьмада язйина ю. Нохчийн поэзи йолаялар я бакъйолчу поэзин некъаш цуьнан бух - М.А.Мамакаев ву нохчийн литературехь.(слайдашка хьовсу).Мамакаевн лерина ю х1ара стихотворени-Сулейманов Ахьмад «Борз ю уг1уш».
1Д1ахьошверг: Мохьмадан поэзи ницкъ болуш ю, кхин цкъа а лахлур йоцуш, даш санна деза дош а долуш .(стих-ни «Ч1ег1ардиг»).
2Д1ахьошверг: Поэзи – иза ц1еналлин Бохь бу,
Хазаллин Лам,
Дикаллин Барз бу,
Марзонийн гу…
1Д1ахьошверг: Поэтан тема - дерриг дуьне а ду, лаьттара хьала стигала кхаччалц.
2Д1ахьошверг: Поэт ша а ву дуьненан, цхьана халкъан хилла а ца 1аш.(Нажаев А. «К1айн хьаша»).
1Д1ахьошверг: Поэто дукхахьолахь хазалла юьйцу, шен сих дуьту весет санна,дуьненах т1аьхьхьа дуьсург.(Дикаев Мохьмадан дешнаш,д1алокху М.Минцаевс «Хьол хаза йо1»).
2Д1ахьошверг: Мамакаев 1аьрбин стихаш – гойту, хаздо, цхьаннах кхин туьйдарг а дуцуш. Иза аттачу маттаца а до,дош дашца д1анисдеш, дешан декар коьрта а долуш.
(Мамакаев 1арби «Берзан бекхам»).
1Д1ахьошверг: Драматург, актер, театран куьйгалхо, поэт Хамидов 1абдул-Хьамид. Театрехь г1уллакх деш кхиъна цуьнан говзалла поэтически пох1ма.(1.Хь.Хамидов хийистехь-д1алокху дешархоша).
2Д1ахьошверг: Поэзи бахьан долуш вайна к1орггера гучудолу дахаран хьоста шен диканца а, вонца а. Шен ерриге а кхоллараллехула чекхбоккху поэто Даймахке болу йист йоцу безам.(А.Айдамиров «Винчу махка»).
1Д1ахьошверг: Сулаев Мохьмадан поэзи цхьа хан ю – б1аьсте, цхьа мукъам - къоналлин марзонаш я царех т1аьхьадуьсург, шерашца карла а дуьйлуш.(Сулаев Мохьмад «Хьо езар хиллера»-диске ладуг1у).
2Д1ахьошверг: Цхьа дукха боцчу поэтийн бен кхоллалуш яц,кхин цхьанне а йоцуш шен поэзица йолу юкъаметтиг. И санна болчу поэтех ву къамел а доцуш Арсанукаев Шайхи. Поэзин векал хилла ца 1аш, поэзин дуьне кхоьллинчех вара иза.(Арсанукаев Ш.-« Мохкбегор».)
1Д1ахьошверг: Мегар дарий поэзи хьахийча Айсханов Шамсуддин ц1е ца яьккхича. «Шен заманан векал» аьлла цунах Сулаев Мохьмада. Шен заманчохь халкъана хьалха лаьтташ долу чолхе а, хала а декхарш гайтарехь доккха дакъа лаьцна яздархочо.(Айсханов Ш. – «Орга».)
2Д1ахьошверг: Массо а хенахь поэзи халкъалахь ч1ог1а башха меттиг д1алоцуш яра. Халкъо даима а дора цуьнан сий. Поэзехь лоьхура син парг1ато , ойланан а, дуьненан а хазалла. Хьомечу Даймахке , нене болу мерза безам а,к1орггера гучуболу поэзехула.(Эдилов Х-М. «Ненан безам»),(Цуруев Ш.-«Нана» диске ладуг1у).
1Д1ахьошверг: Нохчийн поэзин лехамаш б1аьрсица боьзна хиларх къаьста- гушдолчух,юха цунах гушдолчух – поэто кхуллуш долу кхин гушдерг а долуш. Иза говзачу маттаца а до, дош дашца д1а а нисдеш. (Музаев Нурди «Накъосташка».)
2Д1ахьошверг: Поэзи – цхьана заманан стом бу, къаьсттина долчу цхьана шерийн. Поэзи хазалла ю, шовда санна хьаьъна йолу. (Саидов Б. «Лаам»).
1Д1ахьошверг: Поэзи – къоналла а ю, къоналлица йолу хазалла. Поэзин тема – и поэт ша хилча, шен са, шен ойланаш, къаьсттина цхьа меттиг, цхьа латта,цу лаьттахь деха къам, цигара 1едал,юха церан юкъаметтигаш.(Сулейманов Ахьмад «Лойша суна»).
Хьехархо: Тахана хьахоза а, бийцаза а дуккха а бу, амма Ахматова Раиса хьахоза йисар нийса ца хета суна, х1унда аьлча нохчийн зударех и цхьаъ яра ЧИАССР-н халкъ поэтесса,ЧИАССР-н яздархойн союзан председатель,ЧИАССР-н Лаккхарчу советан председатель,КПСС-н ХХ II съездан декъашхо, Дуьненан т1еман дуьхьал йолчу конгрессан декъашхо, эххар а машар ларбаран Советски Комитетан декъашхо а.
2Д1ахьошверг: «Хьомечу махкана сайн ницкъаш д1абала со, кийча ца хилахь, д1аэца лаьттара!»… яздора Р. Ахматовас. Цо шен кхайкхам бакъдолуш кхочуш а дира.
1Д1ахьошверг: 1емаш, доьшуш, болх беш, къуьйсуш; поэзехь а, дахарехь а дикалла кхоллар – и бара поэтессин коьрта дахаран даггара лаам. (Ахматова Р. «Ма хала ду цунах кхета.»)
Хьехархо: Суна хетарехь стихаш язъян хаар – иза олхазарна санна т1ема вала хаар ду. Стих язъян 1емар вац цхьа а,амма поэзех кхета 1емар ву х1ора а , лаам хилчахьана. Хазахета , тахана вай цхьана яьккхинчу х1окху к1ззигчу хенахь шайн хезинчух аш пайда эцахь.Боккха кхаъ бу поэзица жимма а уьйр теснехь а.
Поэтийн произведенийн цхьа к1еззиг долу дакъа бен дацара вай дийцаре динарг. Дукхахболчу поэтийн стихаш ешаза а йисина. Т1аьхьарчу ханна а вайна т1ехь ду «Культуран сийлахь векалш» шейх масала эца мегандолу бовзар, церан произведенеш ешар ,х1унда аьлча уьш а,тахананлера къона культуран белхалой а вайн къоман юьхь а ю,меттан хьоста а ду,шеца « лийр доцу дош» а долуш!
2Д1ахьошверг: Хаьа тхуна, Дала мукъалахь!
1Д1ахьошверг: Дуьненчохь вай мел деха, бекар бу цхьа мерза – г1айг1ане мукъам.
1,2 Д1ахьошверг: Декар ду лийрдоцу дош!