Разработка урока по чеченскому языку 1 класс Элп ч1


Урокан ц1е: Элп «Ч1,ч1».
Урокан 1алашо : «Ч1,ч1» элп довзийтар ,иза мукъаза хилар билгалдаккхар,цу элпаца долчу дешнийн масалш даладайтар;
-къамел даран хаарш кхиор;
-нохчийн матте болу безам алсамбаккхар.
Урокан тайпа : довзийтаран урок.
Урокан кеп : тобанашкахь болх, фронтальни,ша бен болх,ша-ша бен болх.
Урокан г1ирсаш : 1амат, къоламаш,ручка,элпаш т1елетошдолу,компьютер,слайдаш.
УМК: Йоза-Дешар 1аморан 1амат С.А. Алиева,Б.С-А.Касумова.
Х1оттош долчун хьесап:
Предметни : аз а,элп акъасто хаар,дийнна дешнашца маь1нах а кхетош,нийса ешар,дашехь аьзнийн а,элпийн а масалла билгалдаккхар;суьртах лаьцна барта дийцар х1оттор.
Метопредметни:
1алашонан УУД : хьехархочун г1оьнца урокехь кхочушдан леринарг билгалдаккхар а, и цхьана 1алашоне дерзор; 1аматан материалашца бечу белхан буха т1ехь шена хетарг схьаала хаа 1амор.
Довзаран УУД: 1амат т1ехь болхбан хаар,текстехь ,иллюстрацешкехь долучу хаттаршна жоьпаш карор.
З1ейолу УУД : шен ойланаш барта цхьаьнатоха хаар;кхечаьрга ла дог1ар а,цунах кхетар а; цхьана накъостца,тобанца болх бан 1амор.
Личностни : шен матте болу безам кхиор.

Урокан д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар. Мотиваци .Лаам гайтар.
Дела да шу могуш , маьрша
Ма г1елделла хир ду шу.
Тхан 1илманна шу реза делахь,
Яккха тхоьца шортта хан.
Вовшашка а хьовсий,дийла а лой де беркате де. (слайд)
1.Яханчу урокехь 1амийнарг карладаккхар.
Муьлха элп дара вай 1амийнарг? Мукъа я мукъаза? Масалш даладе.
-Бераш,х1етал-метал хуур дарий шуна ?
Мотт бу-къамел ца до,т1емаш ду-т1ома ца болу. (ч1ара) (слайд)
Куьйгаш а дац,бел а яц , поппарх х1усам а йо. ( ч1ег1ардиг) (слайд)
-И ший а дош долалуш хьалха муьлха аз хеза шуна? Алал и аз массара а.
Т1аккха ,вай муьлхача элпах,озах лаьцна дуьйцур ду аьлла хетта шуна?
II.Керла тема йовзийтар.
1. Хь: Х1ора х1уманан а сурт гойту экрана т1ехь.(слайдаш)
Д.:Ц1е йоккху. Мичахь деха ,стенна оьшу а дуьйцу. Дашехь масса дешдакъа ду а олу,масса мукъа я мукъаза аз.элп ду а олу дешархоша.
Киншке т1ехь схемашца болх бар. Хьехархочо дешархошна ца девзарг довзуьйту.
2. «Ч1» элп мукъачу элпана (озана) хьалха я т1ехьа нисделча и нийса алар а ,дешар а.(слайд)
3. Киншке т1ехь болх бар.
Цул т1аьхьа берашка б1ог1амалгара дешнаш д1адоьшуьйту.
III. Сада1аран миноташ. (слайд)
1уьйре пола самабели,
Дег1 а сетташ ,белабели.
Цкъа -тхинца шеен юьхь йили
Шолг1а-тайна т1ома хьаьвзи.
Кхоъ- когаш т1е охьахии,
Доьалг1а х1аваэ бели.
Хи т1е кхаьчча ,сецира
Цу т1ехула хьаьвзира.
IV.Хуучу хаарех пайдаэцар.1.Тобанашкахь болх. Учебника т1ера б1ог1амалгарчу дешнашца болх бар. Схьалаха,х1ора тобано а билгалдаха.
I-тоба «Малх»-цхьана дешдекъах лаьтта дешнаш лоху;
II-тоба «Серло»-шина дешдекъах лаьтта дешнаш билгалдоху.III-тоба«Стела1ад»-цхьа а дош доцу дешдакъош билгалдоху.2.Текстаца болх.
1.Хьехархочо д1айоьшу текст.
Дешархоша леррина тидам бо суьртан. (слайд)
Суьрте а хьовсий ,ала муьлха акхарой ,олхазарш го шуна цу т1ехь? Стенгахь го шуна уьш? Дийца царах лаций шайна хуург. Х1ун уьйр ю аьлла хетта шуна 1аламна а,акхарошна а юккъехь? Суьртах лаций барта жима дийцар х1оттаде.
V.Сада1аран миноташ . (слайд)
VI. Урокан т1еч1аг1ъяр.
Тобанашкахь болх.
I-II-ра тоба: дайна дешдакъа караде.
?( палг)? (ра )1)Ч1е ?( рий) 2) Ч1а ? ( ба)
ниг ма3)Цхьана дашах маситта кхолла.
Ч1ЕГ1АРДИГ (Ч1ег1аг, г1а,диг,га,раг1,гирда,г1ад,да,ч1ир,дар,гар)
Бинчу белхан мах хадбар.
VII. Урокан жам1 дар.
Бераш,вайна тахана урокехь керла х1ун хии?
Муьлха элп девзи?Мукъа я мукъаза ду иза?Далдейша масалш цу элпаца.И элп довзарца муьлха дешнаш девзи вайна ?
Х1инца кхин цкъа а е билгало шайн линейкаш т1ехь,урок чекхйолуш шайн хаарш алсам девлехь.Хадабе шаьш бинчу белхан мах.
Рефлекси.
Чекхъяккха предложенеш
Суна урок………………
Тахана суна урокехь хиира…
Ас тахан бинчу балхана со реза………..
-Юха урокехь х1ун луур дара шуна?Шуна луург кхочушдан хьовсур дукха вай.
Вайн таханлера урок чекхъели, сунна шуьца болх беш ч1ог1а хазхийтира, Дела реза хуьлда !Баркалла массарна а!