Урок по чеченскому языку для 3 класса Подлежащи, цуьнан башхаллаш


Нохчийн мотт
Тема: «Подлежащи, цуьнан башхаллаш»
1алашо: подлежащих лаьцна болу хаамаш т1еч1аг1бар. Берашна предложенехь подлежаши масийтта тайпана хаттаршна жоп луш хилар хаийтар (Мила? Муьлш? Х1ун? Хьан? Стен?).
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду предложенехь подлежащийно тайп-тайпана хаттаршна жоьпаш луш хилар. Берашна хуур ду подлежащи хуьлу МИЛА? МУЬЛШ? Х1УН? хатаршан жоьпаш луш долу дешнаш, нагахь санна предложенехь ХЬАН? СТЕН? хаттаршна жоьпаш луш долу дешнаш дацахь. Тайп-тайпанчу предложенешкахь подлежащин тидам бар. Берашна 1емар ду предложенин коьрта мешенаш лаха, уьш билгалъяха. Берашна хуур ду учебникаца болх бан, оьшург лаха.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Шардар № 126, аг1о 63.
-Муьлхачу дешнашна буха сиз хьаькхира ахьа? (Салмана, к1анта, жа1уьно, 1ийсас, цициго)
-Цара муьлхачу хаттарша жоьпаш ло? (Хьан? Стен?)
-2971802247900-Предложенехь муьлха меже хуьлу и дешнаш? (Подлежащи)
2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Уьн т1е д1аяздо.
Салмана салаз хохку. Беркат. Ж1аьло ц1а лардо. Дешархо. Барт. Хьамзат школе воду. Борз уг1а. Бераш экскурсе дахара.)
-Д1аеша доски т1е язйинарг. Схьакаре царна юкъахь предложенеш.
-Муха хиира хьуна уьш предложенеш юй? (Цара кхочуш хилла ойла гойту)
-Д1адаха САЛМАНА, Ж1АЬЛО, БЕРАШ, ХЬАМЗАТ, БОРЗ дешнаш. Х1инца хир юй уьш предложенеш? (Яц)
-Х1унда? (Кхочушхилла ойла ца гойту)
-Муьлхачу хаттарша жоьпаш ло ахьа д1адаьхначу дешнаша? (ХЬАН? СТЕН? МИЛА? МУЬЛШ? Х1УН?)
-Предложенхь муьлха меженаш ю уьш? (Подлежащи)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.
-Вай тахана карлабохур бу предложенин коьртачу меженех лаьцна болу хаамаш, девзар ду подлежащин тайп-тайпана хаттарш)
3. Керла тема хьехар.
а) Бакъо таллар.
-Д1аеша 64 аг1он т1ера бакъо. Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло подлежащино? (Хьан? стен?)
-К1анта йоза яздо предложенехь муьлханиг ду подлежащи? (К1анта)
-Х1унда ду к1анта дош подлежащи ЙОЗА дош доцуш? (Дар к1анта кхочуш деш ду, яздеш верг к1ант ву, йоза дац)
-Муьлхачу хаттарна жоп ло К1АНТА дашо? (Яздо ХЬАН? к1анта)
-Муьлхачу хаттарна жлп ло ЙОЗА дашо? (Х1ун?)
-Кхин муьлха дешнаш хуьлу подлежащиш? (МИЛА? МУЬЛШ? Х1УН? хаттаршна жоьпаш луш долу дешнаш а хуьлу подлежащи)
-Д1аеша предложени. (К1ант ловзу)
-Муьлханиг ду подлежащи? (К1ант)
-Хаттар ло цу дашана. (Мила? К1ант)
-Муьлхачу хаттарна жоп ло подлежащино? (Мила?)
-Д1аеша предложени. (Цициг доду)
-Муьлханиг ду подлежащи? Хьана лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Цициг)
-Хаттар ло цу дашана? (Х1ун? цициг)
-Муьлхачу хаттрна жоп ло подлежащино? (Х1ун?)
-Х1ун тидам би аша? Предложенехь ХЬАН? СТЕН? хаттаршна жоп луш долу дешнаш подлежащи хуьлу, предлженехь МИЛА? МУЬЛШ? Х1УН? хаттаршна жоп луш долу дош подлежащи хуьлу, нагахь санна предложенахь ХЬАН? СТЕН? хаттаршна жоп луш долу дешнаш дацахь
аь)Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 127, аг1о 64.
б) Предложенеш оьшу дешнаш т1етохарца юзар, меженашца таллар.
Шардар № 128, аг1о 64.
-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха дош т1етухар дара ахьа и предложени гуттар дика хилийта? (Т1едог1у муха 1а? Т1едог1у шийла 1а)
-Муьлханиг ду дар билгалден дош? (Т1едог1у)
-Хаттар ло цунна? (Х1ун до? т1едогу)
-Предложенехь муьлха меже хуьлу иза? (Сказуеми)
-Муьлханиг ду подлежащи. Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун? 1а)
-Муьлхачу хаттарна жоп ло вай т1етоьхначу дашо? (1а муха? шийла)
-Иза муьлха меже ю? (Предложенин коьртаза меже ю)
-Цунна буха тулг1ени сиз хьакха.
(Иштта толлу важа предложенеш)
4.Сада1аран миноташ.
Са а даь1на, арадевлла,
Ян дохкуш ду тхо зарядка.
Сихха шуд1ах1иттий довла,
Цхьана меттехь юхадовда.
Куьйгаш д1асадахийта,
Цецдевлла шаьш моттийта.
Юха хьалха охьатаГа, (3-4-зза)
Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза)
Хьаж т1е куьгшайн х1оттаде,
Когашд1асахилабе,
Аьтту aгlop доьрзуш, (3-3-зза)
Аьрру aгlop доьрзуш, (3-4-зза)
Гонах до л чу н тидамбе.
Динарг х1инца тоийта,
Дог1машмалдеш, д1ах1итта.
Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза)
Вайн зарядка ели х1инца.
5. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Коьрта а, коьртаза меженах болу хаамаш т1еч1аг1дар.
Шардар № 132, аг1о 66.
-Д1аеша текст. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (1а доларх лаьцна)
-Д1аеша хьалхара предложени. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Лонах)
- Иза муьлха меже ю? (Подлежащи)
-Х1унда? (Предложенехь дар кхочушдеш дерг Ло дош ду)
-Дар муьлхачу дашо гойту? (Делира)
-Муьлхачу хаттарна жоп ло цу дашо? (Х1ун дира? делира)
-И муьлха меже ю? (Сказуеми)
-Х1унда? (Цо гойту подлежащинах лаьцна х1ун олу)
-Кхин муьлха дешнаш диси вайн ? (Доладелла, 1уьйранна, суьйренга)
-Муьлхачу дашаца ю уьйр СУЬЙРЕНГА дешан? (Делира муьлхачу хене? (Суьйренга)
-И муьлха меже ю? (Предложенин коьртаза меже ю)
-Доладелла дешан муьлхачу дашаца ю уьйр? (Ло дашаца)
-Ло дашна т1ера д1а хаттар ло цунна? (Муьлха ло? (Доладелла)
-Муьлха меже ю иза? (Коьртаза)
-1УЬЙРАННА дешан муьлхачу дашаца уьйр ю? (Доладелла дашаца)
-Хаттар ло цунна? (Доладелла маца? 1уьйранна)
( иштта толлу важа предложенеш)
аь)Мотт шарбар.
Шардар № 131, аг1о 66.
6. Рефлекси.
-Х1ун керланиг хии хьуна?
7. Жам1 дар.
-Муьлха дешнаш хуьлу подлежащиш?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 134, аг1о 68.