Урок на тему: Литературни меттан лексикан тайпанаш. 10 класс


10 кл. Урок№ терахьТема: Литературни меттан лексикан тайпанаш.

1алашонаш:
1аморан: 1. Литературни меттан лексикан тайпанех юкъара кхетам балар.
2. Уьш вовшех къасто а хаар;
Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;
2.Шайн маттахь долу керла а, ширделла а дешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;
Кхетошкхиоран: 1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна
йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;
2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор.
Урокан тайпа - керла тема Iамор.
Урок д1аяхьар.
Ойла тIеерзор (мотивация)
Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!
Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю
Коьртаца ойла ян еза,
Дагалацам хила беза,
Дуьйцург дагахь латто деза,
Рог1ера беркате урок.
I. Ц1ахь бина болх таллар.
14-г1а шардар толлуКарладаккхарна хаттарш:
1.Стенах олу лексика?
2.Муьлха тайпа дешнаш девзи вайна?
3.Масалш даладе нийса а,тардинчу а маь1нехь лелачу дешнийн.
II. Керла коьчал йовзийтар Хьехархочо довзуьйту литературни матто дахаран массо а декъехь г1уллакх деш хилар,цуьнга хьаьжжина шайн-шайн тайпанашка уьш декъадалар а,иштта довзуьйту, юкъараллин дахаран тайп-тайпанчу аг1онашкахь буьйцучу литературни меттан тайпанех литературни меттан стилаш олуш хилар а, ткъа уьш 1амочу 1илманан декъах стилистика олуш хилар а.
Литературни меттан къастош йолу коьрта стилаш ю барта къамелан а, книжни меттан а стилаш. Книжни меттан стилашна юкъайоьлху литературни меттан 1илманан а, г1уллакхан а, публицистически а стилаш.
Исбаьхьаллин стило шатайпа меттиг д1алоцу адамийн дахарехь. Иза синкхачаман стиль ю ала мегар ду, х1унда аьлча дешнаш нийса харжа хааре терра, дог-ойла а, синхаам а дика къасторе хьаьжжина, х1уманан сурт х1отторе а, къеггина, бакъ васт гайтаре а хьаьжжина, дешархочун даг т1е кхочуш хуьлу произведенин дешнаш.
1амийнарг т1еч1аг1дар
1.Слайдаш т1ехь болх2.Кхочушдо 16-г1а шардарРефлекси1.Муха хийти шуна вайн урок?
2.Ца кхеташ дисина х1умма а дуй?
3.Буй вайн мотт уггаре а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?
Синквейн СТИЛЬ
БАРТА КЪАМЕЛАН, КНИЖНИ МЕТТАН
IАМАВО, КХИАВО, ПАЙДАОЬЦУ,
ДАХАРЕХЬ УГГАРЕ МЕХАЛА ГIИРС
МОТТ
III. Ц1ахь бан болх—
- Кхочушде 17-г1а шардар,7-г1а бакъо 1амае
§7. Ш. 17