Урокан ц1е: «Й» элпан маь1на. 5 класс


Урокан проектМотивационный этап.Хьехархочун дош.Де дика хуьлда хьоме хьеший, бераш а! Тахана вайн урок цхьа ша - тайпана урок хир ю.Малх бу арахь къеггина хьоьжуш. Массо а самукъане ву кху чохь. Цундела вай вовше дела а делла, Дала аьтто бойла аьлла туьйран махка кхочур ду. Вайна тахана вешан урокехь дуккха а пайдехь дерг хуур ду, 1амийнарг карла а доккхур ду, хаарш шор а дийр ду.Хьехархочун хаттар. Вай урокехь х1ун дийр дуСуьрташ гойтуЖоп ло. Урокан 1алашонаш: Кхеторан (Предметни) :Хаа деза, нохчийн маттахь элп «Й» масех маь1нехь лелар а, цуьнан нийса яздаран бакъонаш а. Кхетош-кхиоран (Личностни) Нохчийн матте болу безам ч1аг1бар.Берийн ойла дешаран т1еерзор. УРОКАН НЕКЪ (1) Ц1ахь бина болх таллар.Параграф: 30, шардар 147Х1окху дешнех цхьанна бе фонетически къастам: Етт, юьхь-сибат, ямарт. (Барта) (Устно) (2). Фронтальни хаттарш:1. Стенах олу фонетика?2.Маса элп ду нохчийн алфавитехь?3. Муха билгалдоккху вай элп?4. Муха кхоллало аз?5. Рог1ехь д1ах1иттийначу элпех х1ун олу?6. Муьлхачу озах олу мукъа аз?7. Муьлхачу озах олу мукъаза аз?8. Зевне а, къора а, мукъаза а аьзнаш, царех лаьцна х1ун хаьа шуна?9. Т1еэцначу дешнашкахь бен ца яздо элпаш муьлхарш ду? ( Ё, Щ, Ы.: Ёлка, щетка, вышка)10. Шала мукъаза элпаш муха бил галдоккху вай?11.Шалха элпаш муьлхачех олу?  (3) Классни у т1ехь болх (работа у доски) Фонетически къаствам бе.Мотт- 3 аз; 4 элп;М [м] мукъаза, зевнеО [о] мукъа, зевнеТ [тт]мукъаза, къора, шалаД1ае- 5 аз; 4 элп;Д-[д1]- мукъаза, зевне, ч1ог1а, (шалха)1-[1]- мукъаза; ч1ог1а;А- [а]-мукъае[й]- мукъаза,ю зевне.ши аз кхоллало. [э]-мукъа  (4) Хьекъалин лами. (гу)П элп ду салаз т1ехь хехкалуш. Цхьа гу а лехна, цу т1е хьаладолуш, х1ор дешдекъана хьалха саца а соцуш, доьшу цо уьш. Амма гу т1ера хахкаделла чудог1уш, салаз чехка йог1уш хиларна, ца дало цуьнга и. Керла кхоллало дош ца дешалучу цунна г1одейша. ЕнОППАР П ПАР АЛС АЛ ЛИ ИГ КЪЕ АРИ БЕ АЙ А Тобанашкахь болх Нийса жоп: ( палс, поппар, липпар, къепал, бепиг, айп, апари)-желоб, водосток, канал.(5) Тобанашца болх. Лакхара охьа, лахара охьа а. Т1адамийн метта элпаш а дохкуш д1аязде дешнаш. Лакхара охьа а, лахара хьала а д1адешча. ( Дешнийн хьалхара элпаш.) Шинхьа а цхьа дош хила деза. УРОК (жоп: Узбек, радио, олхазар, кенгуру)- УРОК ОВКЪАРШ (Жоп, орам, ведар, къиг, аре, рама,шаршу)-ОВКЪАРШ Т1УЛГ (жоп: Т1ай, урам, лор,гали)- Т1улг (6) ФИЗМИНУТКАЭлпаш: а, о, оь, у, уь, я, яь, ю, юь.- мукъа ду, аьзнаш т1ема дохуш ду.Элпаш: к, п, ф, х, т, ц Мукъаза ду, аьзнаш къора хезаш ду. (лергаш ца гойту)Элпаш: тт, лл, чч, сс- шала ду, Матто шалха дохуш ду. (т1араш тохарца Билгалдоху)Элпаш: г1, кх, къ, п1, хь, х1, аь, оь, уь Шалха ду, шина хьаьрках кхоллалуш ду. Корта лаза боккхуш ду.  (7) Керла коьчал йовзийтар. «й» элпах лаьцна туьйра. (Кейс- технологи) Й элпах лаьцна Цхьана дийнахь мукъа аьзнаш гул а делла, шайна юкъахь декхарш д1адекъа х1иттина. О элпана шуьйра, деха, диллина аз кхаьчна, И на – дуткъа, доца, У – на бирг1ан чохь декаш санна деза аз. Кхидолучу элпаш а кхаьчна х1оранна шен – шен аз. Цхьа Й дисина аз ца къастош. Мукъачу элпаша дечу шабаршка ла а доьг1уш, х1ун до озах, бохуш, 1ийна иза. Тийна – таь1на 1ер г1оле хетта цунна. Иштта атта ду. Доцца аьлча, Й элп цхьа а аз а доцуш дисина. Т1аккха тохаделла и, цхьа аз доцуш муха 1ийр ду? Цунна а ма деза аз. Цхьанна а хезар ма дац и иштта хилча. Х1ун дийр дара техьа?- Ахь х1ун дей, – хьоьху цунна элпаша, - мукъаза элпаш долучу г1охьа. Церан аьзнаш дукха ма ду, хьуна а кхача там бара- кх цхьа аз. Цхьана – шина дийнахь ойлайина цо.- Суна цхьа а аз ца оьшу, сайн долу декхарш а тоьар ду суна.- Ткъа цхьа а тайпа аз доцуш муха 1ийр ду хьо? – цецдуьйлу элпаш.- Х1ун ду 1ийча? Мегар дац т1аккха?- къар ца ло Й элп.- Мага а там бу, делахь а цхьа тамашена ду –кх. Х1етте а мукъаза элпаш долучу г1охьа, х1ун хаьа, хьуна а цхьа аз кхача там бара – кх. Ойлайоьхна хьавзина Й элп, юха х1илла дан дагадеана цунна: мукъазчеран болх к1езиг ма бу, цул сов уьш дукха а ду, цигахь башха къахьега а дезар дац. - Суна цхьа а аз ца оьшу, мукъаза хила а ца лаьа суна.- Дика ду, ца эшахь, ца оьшу, хьох нуьцкъала мукъаза аз дан г1ерташ цхьа а вац. 1одика йойла хьан! Хьайн даго къобалбен болх лаха.Болх боцуш абатехь лелалур дац хьо. Х1етахь дуьйна лелаш ду и цхьанхьа д1ах1отта г1ерташ. Хьанна оьшу х1инца и? Хьан т1еоьцур ду иза? Цо ша ма дина шена и « дика», кураллаш а йина. Цундела халла лелаш ду и: цкъа доьдий элпашна хьалха х1уттуш, юха И- ний, У – ний улле а х1уттий, уьш дахдеш, т1аккха доьдий элпашна т1ехьа а х1уттий, ах деха аз хуьлу. Дан а ду цунна хала. Мохь бетташ хир бу цо, орца дохуш, амма и хезаш да – м ва (8) Урокан ц1е х1ун ю вай? – хаттар1-2 дешархочо жоп ло: Й элпан маь1на.Хьехархочун дош: ( ОБЪЯСНЕНИЕ НОВОЙ ТЕМЫ) СЛАЙДАШЦА ГОЙТУНохчийн маттахь «Й» элп масех маь1нехь лела.1. Цо мукъа аз билгалдо:Масала: йо1, йоза, йовлакх.2. Ах мукъа аз хуьлу: Масала: дай, вай, бай, шай.3. Деха мукъачу озехь озаран хьаьрк хуьлу:Масала: Дийца, хийца, шийла.4. Дозаран х1уттурган маь1на леладо:Масала: Товсарий, Хедий, Асланний.5. Дукхаллин терахьан маь1на кхуллу:Масала: нана-наной, нохчо-нохчий, г1алг1а-г1алг1ай.1-2 дешархочуьнга 31 параграф йоьшуьйту.(9) 1амийнарг т1еч1аг1дар1. шардар 149. (10) Жам1 дар. (барта-устно)Муьлхачу маь1нехь лела «Й» элп нохчийн маттахь?Жоьпаш:1. мукъаза аз билгалдеш. Масала: йома, йол2.ах мукъаза аз билгалдеш. Масала: шай, лай.3. озаран хьаьрк хуьлий. Масала: луьйчу, дийца.4.дозаран х1уттурган маь1нехь . масала: сой, 1елий.5. дукхаллин терахьан маь1на кхуллуш. Масала: серий, хьелий. (11) Рефлекси. Урокан а, дешархойн хааршна жам1 дар-шаьш бинчу балхана мах хадабо суьрташца. (смайлики) - Солнце- малх. Со массарел тоьлла ву! Я самый лучший!; - Луна- бутт. Со тоьллачарна юккъехь дика ву!Я молодец! Я среди лучших.-Ас дика болх бина, амма кхин а дика балур бу аьлла хета суна!Я работал хорошо. Могу работать лучше.-Ас къа хьогур ду, дешар т1ехь. Я буду стараться, я подтянусь.   Хьехархочун дош:Урок йолалуш туьйранийн махка хьошалг1а дахара вай, цуьнан мохк бевзи вайна, х1инца туьйранера ц1а г1ур ду вай. (гойту мульт. «Шрек»)