Сочинение. Х1ун хир ду хьол мерза, нана
Сочинени«Нана!»
Деза дош, мерза дош-Нана! Муьлххачу хенера елахь а, муьлххачу сибатехь елахь хаза ю нана! Дуьненан марзо,б1аьрган серло,деган йовхо ю нана. Ма йовха ю нана йолу х1усам, ма мерза стом бу хьо. Шайн хазалла а , жималла а халонех юхкий , дахарехь декхар т1едужий , доьзалехь марзо а лоьхуш беха вай сий долу наной. Дала церан вон ма гойла вайна! Цхьана стага шен устазе хаьттина боху: “Хьанна ву ша декхарийлахь аьлла, кхузза а, нанна ву, доьлг1а дена ву», - жоп делла цунна.
Нана йолу х1усам цхьа шатайпа хуьлу-кх. Доьзалан хьашташ кхочуш деш ерг нана, доьзале да лоруьйтуш ерг нана, марзо, барт латтош ерг нана, лулахошца, гергарчаьрца мерза чекхйолуш ерг нана. Ма сирла юк-кх и нана йолу х1усам!
Диканан дакъа ца гина наной дукха бу вайна. Амма шайн дахар мухха а хиллехь а, доьзал оьзда а, г1иллакхе а , дика а кхиийна наной дуккха а бу. Иштта чарех цхьаъ ю сайниг а.
Ма хала кога дахийтина цо тхо. Кхачам бацарш дуккха а дара, тхо доьзалехь исс бер дара, оьшург бен х1ума дацара. Тхан нанас х1ун дора? - 1уьйранна сахилале хьала а г1оттий нуй хьакха балха йоьдура, т1аккха ц1а а йог1ий, тхуна яа х1ума а лой, заводе балха йоьдура. Цхьа мур беара вайна заводаш а, фабрикаш а севцина. И хан уггаре хала хан яра. Т1ом белира, тхан ненан тхуна дан амал дацара. Амма цо, тхуна х1умма ца хаийта г1ерташ, тхо мац ца далийта г1ерташ ша хало 1евшира. Ас иштта дийцича хьенна а хаттар кхоллалур дара, да вацара шун? - аьлла. Вара, амма иза цамгаро лаьцна, меттахь вара. Т1аккха мел бала а, хало а 1евшина цо? Тахана тхан нана хено а, балано а къежйина, къан а йина. Цуьнан юьхь т1ера хебаршка хьаьжча гур ду, хуур ду цо мел бала а, хало а лайна. Ас гуттар цуьнан ойла йо. Дала могуьйтур дуй техьа вон хилча? 1уьйранна 1уьйра дика еш, де муха даьккхина хоттуш, буьйса дика еш, цунна оьшучунна хьовсуш хила деза вай. Иштта ца хилахь ялсамане гергахь а хир дуй техьа вай ?
Цхьана яздархочо ч1ог1а хаза далийна дешнаш ду-кх вайна.
Нана! Дуьне, латта, 1алам, хиш, хьан хазаллин кхоьллина Дала!!!
Доккхачу дуьнен чохь хьол хьоме дац х1ума
Къинт1ера ялалахь бинчу цатамна Ахь дезаш лелорна, ахь мерза кхиорна Тхоьгара доккха баркалла ду хьуна!
Дала яхайойла хьо тхуна!
Со цу хенахь доьзалехь массарел жиманиг вара, и дерриге а сайл баккхийчара дуьйцуш а , со кхеттал хилча суна гинарг а ду ас тахана язъеш дерг. Суна терго алсам яра.
Х1инца и дерриге а дагаоьху суна. Со хилла ваьлла стаг ву, амма суна ца хаьа, сайгахь со къонаха воллушехь оццул доьнал хир дуйла.
Амма ницкъ ма кхоччу хила хьожур ву сайн ненан дуьхьа.
Зама ю цхьа тешнабехке-
Гуьйренца хийци цо аьхке,
Сан даго мохь бетта: “Нана,
Къайла ма ялалахь кхана!”
Тахана замано ха хаьрцина хан ю х1ара. Вайн дахарехь хийла а хаьрцина ха: бала а лайна, халонаш а лайна. Республикехь долу хьал хийцалур ду аьлла хеташ дукха бацара. Амма Делан къайленаш шорта ю! Делан пурбанца дуккха диканца хийцамаш бу вайна. Доьзалехь коьртаниг хаа вайна мила хуьлу. Иштта вайн республикан куьйгалхо Р.А.Кадыров шен махках а, шен къомах а дог лозуш хилара бахьана долуш тоделла вайн махкахь долу хьал. И дерриге а вайна гуш ду. Тахана вай массара баркалла боху цунна. Кхана даккхий хилча ден-ненан дукъ т1елаьцча кхетар ву массо а х1уманах тахана ца кхеташ верг а. Нана, йиша, зуда сийлахь хилар билгал даьккхина вайн республикан куьгалхочо Рамзан Ахматович Кадыровс.
Нохчийн зуда язъяран де 16-г1а сентябрь! Сайн дахар мел ду, сайн нана мел еха, хьора де, Дала мукъалахь и еза а, сийлахь а хеташ чекхвала нигат дина вукха со. Да-нана йоккха хазна ю. Дала яхайойла хьо суна!