Внеклассное мероприятие Ненан мотт — г1иллакх оьздангаллин бух.
Ненан мотт – гIиллакх – оьздангаллин бух
Мукъам.: « Ненан мотт» илли.
/Дешнаш Ш. Арсанукаевн, мукъам З. Дудаевн /
Д1адолор: Хьехархочун дешнаш
Де дика дойла шун, лераме хьехархой, хьомсара дешархой!
Ас даггара декъалдо шу нохчийн меттан Денца! ХIокху дийнахь вай хьакъболу лерам бо ненан меттан, иза нохчийн халкъан уггаре мехала хазна хиларна а, къоман шатайпаналла ларъяран гIортор иза хиларна а.
Тахана вай дIахьур ду Нохчийн меттан Де даздарна лерина «Ненан мотт – гIиллакх – оьздангаллин бух» цIе йолу цхьаьнакхетар.
Тайп - тайпанчу хьелашкахь хилла и: оьшуш, ца оьшуш, безаш, ца безаш, амма таханлерниг санначу дийне сатийсина цуьнца шовкъ йолчара.
Цу сатийсинчеран дегнаш хьостуш указ ду вайна х1инца схьагушдерг.
25-г1а апрель – нохчийн къоман силсилехь (исторехь) дезачу денойх цхьаъ хилла д1ах1оьттина.
Вайн ненан мотт - иза нохчийн мотт бу. 25-г1а апрель – Ненан меттан деза де хилар т1еч1аг1дина шайн сацамца вайн сийлахьчу куьйгалхоша.
Вайн массеран ц1арах Дела реза хуьлда царна!
Дала ницкъ лойла вайна ненан мотт оьшучу барамехь караберзо!
Нохчийн Республикан Президентан
Указ
11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207
Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:
«Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан законна куьг яздина апрелан 25-г1а де - Нохчийн меттан де д1акхайкхо.
Х1ара указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
Нохчийн Республикан Президент Р.А.Кадыров.
Хьехархо.
Тахана вай вовшахкхетар цу денна лерина ду, нохчийн меттан сий-лерам беш, хазахетарца дуьйцур ду вай буьцучу , мерзачу нохчийн маттах лаьцна. Х1унда аьлча, мотт-къоман кхоллам а, делера ни1мат долу дела.
Дала хастам бина девр дац вай цо деллачу даккхий ни1маташна: ган-б1аьрг, хаза-лерг, ойлаян-корта, лела-когаш, г1уллакх дан-куьйгаш, уьш х1ора а ша хила езачу меттехь а нисъеш.
Царах уггар доккха ни1мат ду – мотт балар! Ма доккха ни1мат ду и.
Мотт карчарца аз долуш, цу озах дош кхоллалуш буьйцуш болу мотт бацахьара адам дан а дацаркх.
Ма тидам ца бо вай цуьнан! Ма тидам ца бо!
Дала кхоьллина долу вай а, дуьне довзаран 1илманаш а хир дацара мотт бацахьара. Дала вайна делла и ни1мат деза ду вайна тахна.
1илманчаша тахана дуьненахь ду боху 3 эзар сов меттанаш. Царна юкъахь уггар мерза, хьал долчех цхьаъ вайн Нохчийн мотт бу.
Къаьхьа хуьлий – дог лахьош, довха хуьлий – ц1е латош, ира хуьлий – г1ала еш, д1аьвше хуьлий – х1аллаквеш, къонах хуьлий – лар хьо веш, мостаг1 хуьлий – човхавеш. Бехийла ненан мотт!
Маьлхан дуьне къагадеш, баланех вай лар а деш, массо бер а ирсе деш!
Бехийла вайн ненан мотт!
Ненан маттахь илли ала, ненан маттахь ала дош, Везчу Дала совг1ат дина белла вайна нохчийн мотт.
Сценка «Нохчийн матто бехк баккхар» (дешархой)
Нохчийн мотт:
«Х1ай, сан къам, ма ч1ог1а хердели-кх хьо сох. Вала да воцуш бара со, йийца нана йоцуш бу со, вовшашка бийца юьхьк1ам боцуш бу те со?
Ма ч1ог1а дезаш т1еийцира ас шу, Дала шуна д1а а белла, шух къам дича.
Нохчийн къам со-м хьан бух бай, со-м хьан сий дай. Ларахь со! Ас тоьшалла до хьуна ас эзарза лорур ма ду хьо!
– Х1ай, нана, нохчийн к1ентан а, йоь1ан а, нана! Со х1унда иэби ахь кхидолчу къаьмнийн меттанех, амалех, ойланех? Суна ма лаьа, со иэбина а боцуш, хьаьъна, шовда санна, ц1ена хила. Бийцахь со доьзале, бере, аганан г1овла лаций йовзийтахь хьайн берана сан хазалла, сан к1орге, бийцахь со бовха кхача а кечбина стоьлана го а бина хьайн бераш охьаховшийча.»
НАНА:
«Сан дайша бийцина, мерза нохчийн мотт, сайн берашна кхин а меттанаш 1амийта ма лаьа сунна, уьш хьекъале а, ирсе а кхуьуьйла ма лаьа сунна.»
Нохчийн мотт:
«Кхуьур ду хьуна хьан бераш кхидолу меттанаш довза а, 1амо а.
Амма бераллехь сох марзо ца оьцуш, цхьа зама д1аяьлча, со шайх хербелча, хирий техьа сох шуна Ненан мотт?
Ойла ехьа, цуьнан, лераме Нохчийн нана! Ойла ехьа.»
Хьехархо:
Кхузахь ала лаьа суна Ахьмад Сулейманов дешнашца
«Воккха ве со хьуна хуучу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, 1амо дезна
Уьш хьуна ца моьттинехь!»
Нохчех нохчо вийриг – уггар хьалха нохчийн мотт бу.
Мотт, Къам, Мохк – суна уьш къасто ца лаьа я хаа а ца хаьа, х1унда аьлча, мотт – иза къам ду, мотт д1абалар – къам д1адалар ду, ткъа къам д1адаьлча махках х1ун до?
Юха а Сулейманов Ахьмадан дешнашна т1е доьлху вай: «Кхо х1ума ду дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй а леш: Даймохкий, Моттий, Халккъий.»
И кхо х1ума вовшех ца далийта къа хьегна а, хьоьгуш а бу вайн сийлахь культуран векалш.
Вайн дахарехь йоккха меттиг д1алоцу къоман а,дуьненан а культуро.Ша дешна а,г1иллакх-оьздангалла йолуш стаг ву ала йиш яц цхьаннан а,нагахь культура евзаш а,езаш а иза вацахь.Х1унда аьлча ,иза вайн синан кхача хилла лаьтташ ю,цуо вай ийманехь,оьздангаллехь совдоху шорбо вайн кхетам,нах беза а,къинхетаме хила а 1амадо.
Культура бохучу дешан шуьйра маь1на ду. Цуо юкъалоцу къоман 1ер-дахар, барта кхолларалла, г1ирсаш,духарш, герзаш,къоман истори,мотт .Цул сов, культурина юкъайог1у искусство а, литература а.
Дуккха а нах бу нохчийн культура кхиорехь къахьегна
а, тахана къахьоьгуш а, шайх доккха масал эца мегар долуш.
Презентаци «Культуран сийлахь векалш» (гайтар).
Дешархо:
Дуьненан уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу.
Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу.
Дуьненахь дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Дала.
Дешархо:
Вай нохчий ду.
Веза Воккхачу Дала кхоьллина вай нохчий. Цо делла вайна нохчийн сибат.
Цо елла вайна нохчийн амал.
Цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ.
Сценка «Бешто» (С.Бадуев) (10 кл. дешархой)
Дешархо:
Цо белла вайна нохчийн мотт!
Хьо винчу, х1ара дерриг а Дуьне хьуна совг1атна деллачу,
хьан цхьаъ бен йоцчу, кхин хила йиш йоцчу хьан НЕНАН МОТТ – х1ун
хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?
Дешархо
Вайн ненан мотт вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина Таймин Биболата, Эвтархойн Ахьмада, Адин Сурхос, Харчойн Зеламхас, Нурадилов Ханпашас, Кадыров Ахьмад – Хьаьжас
Дешархо
Цу маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина вайна Бадуев СаьIида, Саидов Билала, Айдамиров Абузара, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Селахьа, Мамакаев Iарбис, Джамалханов Зайндис, Дикаев Мохьмада, Арсанукаев Шайхис, Рашидов Шаида, Ахмадов Мусас, Кибиев Мусбека, Хатуев Iабдулхьамида, Цуруев Шарипа иштта д1а дуккха а кхечара а.
Дешархо
Нохчийн меттан 1илманан хазна гулйина, т1еюьзна Дешериев Юнуса, Алироев Ибрех1има, Джамалханов Зайндис, Чокаев Катис и.д1.кх. Цара дуккха а шерашкахь хьанала къахьегна вайна вешан ненан меттан хьостанаш довзуьйтуш, мотт кхиош, марзбеш.
Дешархо
Нохчийн мотт даггара хестийна Кавказан этнографа П.К.Услара, вайн матте дозаллица ладег1на М.Ю.Лермонтовс, Л.Н.Толстойс
Дешархо
Оьрсийн гоьваьллачу яздархочо Л.Н. Толстойс иштта хастаме дош аьлла вайн маттах: «Нохчийн мотт уггаре хьалдолчу а, мехалчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь хьуна кхоччуш дика хууш белахь».
Дешархо
Маттаца дозаделла ду х1ора къоман г1иллакх-оьздангалла а, психологи а, дуьненан хьежамаш а. Нохчийн маттаца ду вайн къоман доьналла а, майралла а, ю вайн историн лараш а.
Сценка « Генарчу денойн туьйра» Амаев Ваха-Хьаьжа (10 кл. дешархой)
Дешархо
Гоьваьллачу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара аьлла ду: «Ненан мотт - иза халкъан юьхь ю, орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. ХIора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт Iамош а, хууш а хила веза. Iамадейша дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа хьалха шайн ненан мотт Iамабай, оцу маттахь яздан а, деша а Iамадай».
Дешархо
Нохчийн мотт, ненан мотт, нанас аганан илли аьлла мотт. Х1ун ду оцу дешнел деза, мехала? Аганан иллица, ненан матах дозаделла ду нохчийн г1иллакх-оьздангалла.
Дешархо
Аганахь д1аболало ненан матте, т1аьхьо шен къоме, Даймахке болу безам. Оцу хьокъехь ю Айдамиров Абузаран «Ненан мотт» ц1е йолу байт.
Абузар Айдамиров, стих. «Ненан мотт» (Баймурзаев Иса, 6а кл)
Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли.
Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра набаро хьоьстуш.
Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш,
Декара дог 1ийжош, доруш.
Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,
Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.
Хьоьца ду суна мел дезнарг, Вина мохк, нанас сан хьестар. Хьоьца ду сан велар, велхар, Дахаре сан болу безам.
Б1ешерийн дохаллехь те1ош
Г1елонгахь баллийнчу хьуна,
Даймахко парг1ато елла,
Ирсан не1 йиллина хьуна.
Бекалахь, ненан мотт, тахна,
Хьайн халкъан маьрша мохк хестош
Хьо хьоьстуш кхиочу нанна - Даймахкана кхайкхабеш хастам.
Бекалахь, ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,
Вошалла, Ире, Машар кхайкхош.
Дешархо
Аганан илли. Оцу башха чулацам болчу байто карладоккху бераллин хенахь вайн хьомечу наноша ховхачу нохчийн маттахь аьлла аганан илли.
Дешархо
Ненан эсалчу аганан иллин дешнашца хеза берана дуьнен чохь шена дуьххьара 1емина болу шен ненан мотт.
Дешархо
Эвлаяа Соип – моллас меттанаш хаарх лаьцна аьлла боху: «Iаьрбийн мотт Iамабелаш – ийманан мотт бу шуна иза; нохчийн мотт ларалаш – ненан мотт, гIиллакхан мотт бу шуна иза; оьрсийн мотт хаалаш – шайх хила доллург хIун ду хуур ду шуна; ингалсан мотт Iамабелаш – бахаман мотт бу шуна иза (язык экономики)».
Муса Ахмадов «Зудаялор» (10 кл. дешархой)
Дешархо
Муьлхха а яздархочуьн юьхь, пох1ма билгалдоккхуш цхьаъ я масех говзар хуьлу. Масала, Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» роман, Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» стихотворени, Гадаев Мохьмад-Салахьан «Даймахке сатийсар» я «Ц1ен-берд», иштта кхиболчийн а. Уьш цу яздархойн уггаре тоьллачех, церан ц1е халкъалахь яржийнарш ю. Ишттачех ю Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» стихотворени.
Шайхи Арсанукаев, стих. «Ненан мотт» (Ганиева Карина, 10 кл.)
Доьзалехь бийцар а
Дастам а хеташ,
Хьо винчу ненан мотт
Д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна,
Бац атта кхеташ», -
Бохуш и сийсазбан
Ца хета иэхь.
Ладог1а цкъа соьга,
«Хъекъале корта».
Ладог1а, яккхий д1а
Лергара потт.
Йист йоцу х1орд санна,
Бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна
Вайн нохчийн мотт.
Г1иллакхе, оьзда бу
Доттаг1чуьнга буьйцуш,
Мостаг1чуьнга вистхуьлуш
Ду ира герз,
Хьомечу езаре
Безам ахь буьйцуш, -
Бека и шех хуьлий
Хьан деган мерз!
Мерза бу, моз санна,
Ша безачунна,
Ламанан шовданал
Ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а
Ладег1на цуьнга,
Услара даггара
Хестийна и.
Б1ешераш хийла а
Ихна и бекаш,
Хьацарлахь,
Къийсамехь
Кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана
Сов хьанал безаш
Даим а ша хилла
Нохчийн мотт бу.
Вайн халкъан ойланаш,
Дахар а г1ийла –
Далхадеш къийсамна
Г1иттийна цо.
Нохчочун майралла,
Оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь
Екийна цо!
Сийлахьчу Октябро
Шуьйра некъ белла,
Тахана вай ирсехьа
Г1улч туьйсуш ду.
Кавказан лаьмнашкахь
Эшаре баьлла,
Вайн дегнаш г1иттадеш,
Нохчийн мотт бу.
Кхидолчу къаьмнашна,
Шайниш а санна,
Нохчашна шайн мотт а
Сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь
Хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, -
Хьо цхьалха ву!
Дешархо
Ненан маттал хаза а, сийлахь а хIума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала , массо а агIор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:
Дешархо
Хьешашка – оьзда,
ДоттагIчуьнга – мерза,
МостагIуьнга – буьрса,
Захалонна – хаза,
МаслаIатана – кIеда,
Берашка – эсала.
Дешархо
Амма кхетам кIеззиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара Iамо а, бийца а хала хиларна тIетоьтту шайн ледарло.
Дешархо
Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг дIалоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо ненан сий а лардийр дац.
Билал Саидов, стих.«Ненан мотт» (Мадаева Сацита, 10 кл)
Хьох лаьцна яздина,
Дийца а дийцина.
«Хьайна безахь», - бохуш,
Хьеха а хьо бина.
Хьехорах пайда буй,
Хьо хууш ца хилча?
Хьо бийца хуур дуй,
Хьо безаш ца хилча?
Хьо бийца 1емар вац
Дагна хьо цабезарг.
Юьхь к1айн а лелар вац
Хьо бийца цахуург.
Нехан говра хиъна
Вон бере шех хилла,
Кхардамехь вехар ву
Хьо хийра леринарг.
Хьуо безаш волчунна
Пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна
Гихь беза мохь бу хьо.
Хьуо хууш волчунна
Жовх1арийн хIонс ю хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна
Чам тайна стом бу хьо.
Хьайн хазнех кхиъначун
Вахарехь ирс ду хьо,
Хьайх хераваьллачун
Д1атесна некъ бу хьо.
Ойла хьайца ечун
Бух боцу х1орд бу хьо,
Кхин толош волчунна
Совбаьлла г1ирс бу хьо.
Сан ч1ог1а дог лозу
Хьо ца хууш волчух,
Амма эхь ца хета
1амо ца г1ертачух.
Суна сайн ца хета
Ненан мотт бицбинарг,
Б1аьрга ван ца веза
Кхечух и хийцинарг.
Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур яц,
Ненан сий ца дечо
Мехкан сий лардийр дац,
Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар
Маьттаза вахар ду.
Дагах чекх ов доккхуш,
1овжаме бийцало,
И дог малхах тардеш,
Хьо сирла бийцало.
Харцонан некъ хадош
Буьрса аз ду хьоьца,
Бакъонна некъ боккхуш
Хьехаме хьо буьйцу.
Суна хьох къахета,
Бийца ца хуучо,
Хьайн куьцах бохийна,
Мерза чам талхийча.
Чов хуьлу сан дагна,
Доггах ца безачо,
Шен г1алат дицдина,
Сийсазбеш, бийцича.
Хьайн ненан мотт хаахь,
Ас дозалла до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
Доттагг1а, варийлахь,
Цунах ма херлолахь,
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй хаалахь!
Дешархо
Нохчийн къам шен амалх ца дохийта уггаре а хьалха оьшу гIиллакхаш, ламасташ, Iадаташ, ненан мотт ларбар, кхиор.
Дешархо
Оцу Iалашонца дуккха а къахьегна вайн махкахь дика вевзаш волчу Iилманчас Джамалханов Зайндис.
Дешархо
Вайн мотт оьзда, чомехь бийцар хьахаделлачохь масална валаво Джамалханов Зайнди. Цуьнан матте ладогIаза стаг кIеззиг хир ву вайн махкахь. «Нохчийн йозанан устазах» лаьцна хьакъдолу дешнаш карийна халкъан поэтана Хатуев Iабдулхьамидана.
Iабдулхьамид Хатуев, стих. «Нохчийн мотт (Ашаханова Даяна, 5 кл.)
Джамалханов Зайндина
Вайн мотт дуй те
Маьлхан зезаг
Я ахь буьйцуш,
Хетало?
Дуьне, эхарт,
Вевза-везарг
Суна-м дерриг
Диц ма ло!
Вайн мотт дуй те
Дашо хьоза,
Мохехь, малхехъ
Ийъалуш,
Хазчу иллийн
Доцуш доза,
Маьлхан нуьрца
Къийсалуш?
Х1ан-х1а, дац и
Зезаг, хьоза,
Бац и аьрха
Маса дин...
Мазал мерза,
Пхьерал говза
И марзбинарг
Ву Зайнди!
Дешархо:
Ненан мотт,
Хьо бека бисалахь,
Тахконза дисинчу
аганна.
Ненан мотт,
Хьо хезчохь бисалахь
Нана мел езачу берана.
Дешархо:
Нохчийн мотт,
Хьо бийца бисалахь
Ненан мотт мел
безачунна:
нохчийн мотт,
Хьо баха бисалахь,
Нохчийн къам мел деха
цуьнца.
Дешархо
ГIиллакх долуш, оьздангалла шеца йолуш стаг хир вац, нагахь иза шен ненан мотт безаш а, хууш а вацахь. «Моз санна мерза болу», «ламанан шовда санна цIена болу» ненан мотт.
Шаид Рашидов стих «Ненан мотт» (Муслиева Мадина, 10 кл.)
Доккхачу лаьтта т1ехь
Хазалла лоьхуш,
Сада1ар дицдина
Еттарх а йорт
Хьегаран хьу елла,
Шена т1евоьхуш,
Хиллера ц1ийх боьлла
Сан ненан мотт.
Зезагийн лестарехь,
Техкарехь диттийн,
Къайленаш соь юьйцуш
Ловзарехь х1орд,
Ладоьг1ча шабаршца
Бешарчу ниттийн,
Соь ницкъ лург хиллера
Сан ненан мотт.
Иллига бирзича
1енадеш б1аьрхиш,
Делхадеш, ловзадеш
Кийрара дог.
Кхолабеш, юха а
Къагабеш б1аьргаш,
Серло лург хиллера
Сан ненан мотт.
Диканехь я вонехь
Дош ала дезча,
Klopггepa ян воьлча
Хиллачийн чот,
Эхь, иман я г1иллакх,
Доьналла эшча,
Хьекъал лург хиллера
Сан ненан мотт.
Вахар а х1ун оьшу
Цунахд1ахаьдча?
Бицбина вехаш верг
Ю яьсса ботт.
И саннарг карор бац
Мелла а лехча,
Даймехкан дозалла
Сан ненан мотт.
Дешархо
Ненан мотт х1ора къоман культуран бух хиларе терра, иза мелла а к1орггера дика 1амор вайн х1оранна декхар ду. Цу хьокъехь поэта Атабаев Султана иштта аьлла:
Дешархо
Ненан мотт -
Вайн халкъан т1емаш.
Ненан мотт -
Вайн бахам, сий.
Ненан мотт -
Бовза ца 1ебаш,
Кхойкху ас
Шуьга, нохчий!
Шамсуддин Макалов, сценка «Забила» (6 кл. дешархой)
Дешархо:
Г1иллакх оьзда а, мотт ц1ена а, дешан говзанча а ву «Халкъан сийлахь хьехархо», поэт Жамалди Махмаев, цуьнан 75 шо кхачарца иза даггара декъал а веш, эшар д1алокх зудберийн тобано.
Дешнаш Ж.Махмаевн, мукъам А.Димаевн. «Къоман хазна, дозалла».
Дерзор: Хьехархочун дешнаш
Вайн нохчийн меттан исбаьхьа хазнаш йовзуьйтуш, цуьнан г1иллакх - оьздангаллин т1ег1анаш т1ехула вайн дайн ламастийн лакхене вай кхачош, хьанала къахьоьгуш бу нохчийн меттан, литературин кафедран декъашхой. Царна даггара баркалла ала лаьа cуна:
Арабиева Лиля Алхазуровна
Алдиева Лида Абуевна
Балаева Санет Виситовна
Мицаева Зура Магомедовна
Лераме хьехархой! Хьомсара дешархой!
Кху тIехь Нохчийн меттан Де даздарна лерина «Ненан мотт – гIиллакх – оьздангаллин бух» цIе йолу цхьаьнакхетар чекхдолу.Дала ненан мотт безаран тIехь чIагIдойла вай! ГIиллакхе, оьзда и бийца кIорда ма дойла цхьанне а нохчочунна! Ладог1арна баркалла. 1одика йойла шун!
15