Доклад «Ненан мотт хьехарехь керланиг»
Доклад
«Ненан мотт хьехарехь керланиг»
Соьлжа-Г1алин № 35 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Чемирзаева Яха Сайпудиновна.
Соьлжа-Г1ала
2015шо
«Хьайн ненан мотт хаахь,
Ас дозалла до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
Цунах ма херлолахь,
Доттаг1а, варийлахь,
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй хаалахь!»
Билал Саидов.
Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Мел дийцича а, дийцина ца валлал дукха довха дешнаш ду ненан маттах ала.
Муьлххачу хенахь а, муьлххачу дахаран муьрехь а адамашна, къаьсттина т1екхуьучу т1аьхьенна, шайл хьалха гулдина хаарш оьшу.
Дукхахьолахь и хаарш, хаарийх пайдаэцар, оьшучу барамехь лелор кхочушдо хьехаран а, 1аморан а маьхькамашкахь, ишколашкахь.
Оцу маьхькамашкахь и инзаре а, чолхе а хаарш, 1илманан баххаш т1ехь дешархошна д1алуш, д1ахьоьхуш къахьоьгуш ву хьехархо.
Заманан денна хийцалуш лаьттачу хьелашка хьаьжжина, Нохчийн Республикан Дешаран Министерствос т1е а эцна, ч1аг1йина йолу керлачу программаша вайна, хьехархошна т1е декхар дуьллу школехь ненан мотт а, ненан меттан литература хьехаран г1уллакхаш кхин а тодан а, лакхарчу т1ег1ан т1е даха а.
Дешаран декъехь хуьлуш мел бакхий хийцамаш белахь а, хаарш д1адаларан а, т1еэцаран а, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиоран кеп урок хилаза ца йолу. Ткъа таханалерачу дийнахь пачхьалкхан т1едахкаршца ламасталлин йолчу урокан кеп хийцина, керлачу лехамашца д1аяхьа еза. Методика хийца еза, цу юккъе керла технологиш ялош. Хьехархочо урокана х1отточу 1алашонах, хоржучу коьчалх, нийса билгалдинчу методически некъех дозуш хуьлу цуьнан жам1аш а, 1аморан а, кхетош-кхиоран дикалла а.
Х1инцалера урокаш къаьсташ ю вовшахтохаран кепаш тайп-тайпана хиларца: семинараш, лекцеш, ловзарш, конференцеш и д1. кх. а. Кхузахь а цхьацца кхачамбацарш хила тарло: билгалйинчу темин 1алашоне кхачарехь долу хаарш къасто цахаар, урокийн цхьацца долчу дакъошка тидам тоъал цахилар, дешархой дешарна т1еберзон хьелаш ца кхоллар, урокан кхетош-кхиоран дакъа тидаме цалацар. Ткъа таханалерачу дийнахь, х1ора дешархо тидаме а лоцуш, урокашна т1ехьажам хила беза.
Х1инцалерачу урокан кеп билгалйийриг ду:
Хаарш даларан декъехь дан дезарг билгалдаккхар, дешархошна тоъал хаарш далар, тайп-тайпана болхбаран кепаш йовзийтар;
1амош долчуьнан чулацамца йог1у кепаш а, некъаш а харжар, дешрхошна кхачаме хаарш луш долу болх вовшахтохар, дагалаьцнарг кхиамца, дика жам1аш долуш чекхдериг хиларан тоьшалла а луш;
Ненан матте, ненан мотт 1амабаре лаам кхуллу 1аморан кепаш харжар;
Урокехь дешархоша дечун нийса мах хадо хаар, муьлхачу жам1ашка сатийса йиш ю урокан юьхьехь д1ахаийтар;
Болх бан дог доуьйту хьелаш хилийта хьосар, кху кепара юкъаметтигаш шайца йолу: хьехархо-дешархо, дешархо-дешархо, дешархо-хьехархо.
Тахана хьехархо вац гуттар а дешархошна дийца дезарг. Дешархой бу шайна хьалха лаьттачу хаттаршна жоьпаш лохуш, лехамийн новкъахь алссам къахьега дезаш. Вайн, хьехархойн, декхар-уьш цу новкъа бахар, цаьрга шайн хаарш гулдайтар.
Цхьана низамехь теманашца д1анисйинчу урокаша таро ло х1ора темина хаттар къасто, оцу темина йог1учу урокийн тайпанаш харжа, уьш вовшашца йоза. Урок вовшахтухуш билгалдан деза:
-урокехь кхочушдан деза 1аморан а, кхетош-кхиоран а декхарш;
-дешархошна хаа деза муьлхачу жам1ашка дог даха йиш ю, муьлхачу лукхене кхача йиш ю;
-керла тема йовзар халонга дерзон тарлуш хилар;
-йийцаре еш йолчу материалаца дог1у методически некъаш;
-1аморехь оьшуш болу г1ирсаш;
-ц1ахь бечу белхан чулацам, барам, кхочушбаран кепаш.
Урокан кеп хоржуш тидаме эца деза дешархойн хаарш. Ледара а, дика а доьшуш болу дешархой саццаза тидамехь латторо аьтто бийр бу сатийсинчу жам1ашка кхачарехь. Тайп-тайпанчу белхийн кепех пайдаоьцуш вовшахтоьхначу уроко г1о дийр ду эвсаре а, пайде а хин йолчу кепара урокан хенах пайдаэца, дешархоша ц1ахь дечу дешаран барам харжа а.
Уьш хила тарло:
А) урок-тобанашкахь болх бар;
Б) урок-1аморан дарс;
В) урок-кхетор;
Г) урок-гайтам;
Д) урок-проектни хьесапаш кхочушдар;
Е) урок-талламаш бар.
Иштта д1ахьош болчу балхо кхачаво х1инцалерачу лехамашка, кхиодо юкъара дешаран дараш а, хаарш а (УУД).
Х1окху кепара болх баро г1о до хьехаран шайн зеделла ц1ераш, технологин кепаш юкъаяло: кхиош-1аморан, могашалла ларъяран, информационно-коммуникационни, 1оттабаккхаман-диалогин, дешаран проектированин, интерактивни технологеш и. кх. д1.
Нохчийн меттан хьехархошна царех пайдаэца хало ду, х1унда аьлча т1ехьажа г1ирс бац, интернет чохь а нохчийн маттахь хаамаш к1еззиг бу. Делахь а, массо хьехархо лехамехь хила веза, массо аг1ор керлачунна т1екхиа г1ерташ.
1оттабаккхаман-диалоган технологех ю кейс-технологи. Хьехархочо ша проблемни хьал а кхуллуш, иза кхочушдаран некъ лахар, гайтар. Масала: Хьехархочо жима дийцар деша доладо дешархошна, царна уггар хазделлачу меттехь соцунг1а а йой, т1едиллар до царна, аша муха чекхдоккхур дара и дийцар шаьш хилча цуьнан авторш. И тайпа болх д1абахьа мегар ду дешархой шина тобане бекъна, х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш. Цул т1аьхь хьехархочо дерриге а дийцар д1адоьшу.
Кейс – технологин методаш дукхахьолахь хаарш совдахарна т1ехьажийна йоцуш, дешархойн ладог1аран, дийцаран корматалла айъярна т1е тидам бахийтина ю. Урокашкахь таро хуьлу хьехархочун, дешархойн мотт бийцаран говзалла лакхаяккха.
Проблемни хьал кхоллар а, оьшург лахархьама дешархошка шайга болх байтар а вовшахтухуш, оцу шина некъах пайда эцар гуш ма-хиллара, керланиг гучудалар иза бакъдарца нисло: цкъа хьалха хьехархочо ойлаяран а, бакъдаран кеп гойту, шолг1а-дешархоша шаьш я хьехархочун г1оьнца бакъдо, т1еч1аг1деш цхьаьне бакъдо.
Ненан мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна, х1унда аьлча, цкъа делахь, орфографически, пунктуационни къамелан хаамаш караберзорна г1о деш хиларна а, шозлаг1а делахь, 1амош йолу грамматически материалаш дешархошна дика йовза аьтто цара беш хиларна а.
Хаарш талларан технологех ю тестови технологи. Цуьнан коьрта 1алашо ю, дешархойн хаарш толлуш, х1ораннан ша-шеца беш болу болх кхин д1а а тобар. Тестировани д1аяхьаро ч1ог1а г1о до дешархошнан 1амийнарг т1еч1аг1деш а, хьалха 1амийначунна таллам беш а, керла тема йовзуьйтуш а. Дукхахьолахь тесташца болх бечу хенахь гучудовлу дешархойн хааршкахь долу кхачамбацарш.
Критически ойлаяр кхиоран технологих (технология развития критического мышления) ю синквейн.
Синквейн – иза пхеа мог1анах лаьтта, къастамечу кепаца язйинчу, жимачу байтан кеп ю.
Стенна оьшу синквейн:
1. Дешнийн т1аьхьало хьалаюзу.
2. Боцца чулацам схьабийцарна кечво.
3. Коьртаниг каро 1амаво.
4. Жимччу ханна кхоллархо хила таро ло.
5. Дукхахьолахь и кхочушхуьлу.
Кхузухь вайна го, синквейн язъешволчунна хаа деза къамелан дакъош къасто, предложени х1отто, хьалхарчу дашца маь1ница дог1уш дош дало. Цу дерригено вайна таро ло дешархойн дозуш долу къамел кхио, церан дешнийн х1онс мелла алсам яккха. Ткъа иза вай кхочушдан деза х1ора урокехь, муьлхха а тема 1амош.
Коьртачарех ду х1инцалерачу урокашкахь рефлексин муьрехь тайп-тайпана белхаш бар: йоццачу ханна дешархоша эссе язъяр, синквейн язъяр, шена хетарг алар, яцйина предложени т1еюзар, ша диллинчу суьртехь шен ойла гайтар.
Иштта бечу белхаша, къасттина ненан мотт хьехарехь, дешархой вовшашца хьасене хуьлуьйту, шен накъостан ойла хийра ца хета, ша бинчу а, шен накъосташа бинчу а белхийн нийса мах хадо 1ема, шен ойла йийцаре йилла 1ема, кхечуьнга ладог1а 1ема. Цул сов, дешархой 1ема шаьш а, кхечара бечу белхан нийса хьесап дан а, информационни хаамаш язбан а, конспекташ х1итто а.
Керлачу технологишца бан безаш болу болх х1инца а кхачо йолуш бац, цуьнах лаьцна дуккха а дийца дезар ду, 1ама дезар ду, шена хуург къоначу хьехархочуьнга д1адала дезар ду.
Ненан мотт хьоьхучу муьлххачу хьехархочун болх т1ехьажийна бу т1екхуьу къона т1аьхье дайн ламасташца, къоман г1иллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна.
Х1инцлерачу ненан меттан урокашкахь хьехархочун коьрта ши декхар ду аьлла, хета суна: ненан матте дешархойн безам кхоллар; биллина ненан мотт цаьрга бийцитар. Дешаран декъехь ненан маттахь хьехар деккъа кхетар сов хилийтарна эшна 1аш дац. Цуьнан марзонца, и безаш кхиина волу дешархо, дешна ваьллачул т1аьхьа и бийца хууш а, лууш а хили веза. И бийца хууш а, лууш а хилча бен цо и буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьур бац, бехар а бац, т1ахьене д1акховдо ненан мотт хир бац.
Вайн нохчийн мотт, яхь, г1иллакх, оьздангалла юхаденъярехь, вайн къам ч1аг1дарехь къахьоьгуш волчу Нохчийн Республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, нохчийн меттан сий-пусар деш, и мотт безаш, шен ницкъ ца кхоош иза берашна 1амош волчу массо а хьехархочунна, даггара баркалла ала лаьа суна. Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а, и дерриге а т1екхуьучу къоначу т1аьхьене доккха, деза совг1ат дина д1адала а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.
Баркалла ладог1арна!