Урок по чеченскому языку для 3 класса Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш


Нохчийн моттТема: «Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш»
1алашо: берашна предложенехь коьртаниш йоцург кхин а коьртаза меженаш хилар хаийтар. Предложенехь коьртаза меженаш коьртачарех йозуш хилар хаийтар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду предложенин коьрта мешенаш лаха, уьш билгалъяха. Берашна хуур ду коьртаза меженаш йовза, уьш билгалъяха. Берашна хуур ду учебникаца болх бан, оьшург лаха.
Урок д1аяхьар.
Ц1ера болх таллар.
Шардар 121, аг1о 121
1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Уьн т1е д1аяздо.
Г1аш охьаоьгу. Гурахь дитташ т1ера г1аш охьаоьгу.
-Д1аеша ши предложени. Карае коьрта меженаш.
-Х1ун ду цу шиннан цхьатера? (Шинне предложенехь коьрта меженаш цхьатера ю)
-Х1ун башхо ю цу шинна юккъехь? (Шолг1ачу предложенехь ю кхин меженаш)
-Царех коьртаза меженаш олу.
-Хьовсал муьлха дешнаш ду коьртаза меженаш лара йош йолуш?(Гурахь , дитташ т1ера)
-Муьлхачу дашаца уьйр ю ГУРАХЬ дешан? (Охьаоьгу дашаца)
-Хаттар ло ОХЬАОЬГУ дашана т1ера. (Охьаоьгу Маца? Гурахь)
-Х1ун гойту цу дашо? (Г1аш охьаэга хан билгалйоккху)
-Муьлхачу дашаца уьйр ю ДИТТАШНА Т!ЕРА дешнийн? (Охьаоьгу дашца)
-Хаттарло цун дашна . (Охьаоьгу СТЕНГАРА? дитташ т1ера)
-Х1ун маь1на ду ДИТТАШНА Т!ЕРА дешнийн цу предложенахь? (Г1аш стенгара эга гойту)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь? Берийн жоьпаш.
-Муьлха хаттар толлур ду вай тахана? (Х1унда ю предложенехь коьртачу меженел совнаха , коьртаза меженаш)
-Вайн тахана карлабохур бу предложенин коьртачу меженех болу хаамаш, евзар ю коьртаза меженаш, 1емар ду уьш къасто.
3. Керла тема хьехар.
а) Бакъон т1ехь болх бар.
-Д1аеша 62 аг1он т1ера бакъо. Муьлхачу меженех лаьтта предложени? (Предложенехь хуьлу коьрта а, коьртаза а меженаш)
-Муьлханаш ю коьрта меженаш? (Коьрта меженаш ю подлежащи , сказуеми)
-Стенах юзуш хуьлу коьртаза меженаш?(Подлежащих, сказуемих , я кхечу меженех)
аь)Предложенера коьртазачу меженийн тидам бар.
Шардар № 123 , аг1о 62.(устно)
-Д1аеша хьалхара предложени. Карае коьрта меженаш. Нохчийн маттахь предложени толлуш дуьххьара сказуеми каро деза.
-Муьлхачу дашо гойту дар? (Лела дашо предложенехь дар гойту)
-Хаттар ло цу дашана? (Х1ун до? лела-иза сказуем иду.Цунна к1ел ши сиз хьокху.)
-Муьлха меже лехи вай дуьххьара? (Сказуеми)
-Лелеш ерг Х1УН Ю? (Мархаш- подлежащи ду . Цунна к1ел цхьа сиз хьакха)
-Подлежащина т1ера хаттар х1оттадо ас: мархаш МУХА? к1айн.Иза коьратза меже ю.Муьлхачу меженах йозуш ю вайна карийна коьртаза меже? (Подлежащих)
-Сказуемина т1ера хаттар х1оттадо ас: лела МИЧАХУЛА? стигалхула. Иза коьртаза меже ю. Муьлхачу меженах йозуш ю иза? (Сказуемих)
(Иштта толлу важа предложени)
-Д1аязде шардар.
б)Т1адамийн меттана оьшу дешнаш яздар .
Шардар № 124. , аг1о 63.
-Д1адеша т1едиллар. Шера д1адеша билгалонна дешнаш.
-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха дош яздийр дара аша т1адамийн меттана? (МАЦА? селхана)
-Меженашца толлур вай предложени.Муьлха меже каро еза дуьххьара? (Сказуеми)
-Х1ун гойту сказуемино? (Предложенехь дар я хилар гойту)
-Муьлхачу дашо гойту дар? (Дахара дашо гойту)
-Хаттар ло цу дашана.(Х1ун дира ? дахара)
-Муха сизаш хьокху цунна к1елла? (Шиъ сиз хьокху)
-Караде подлежащи. Х1ун гойту подлежащино? (Предложенехь хьанах я стенах лаьцна дуьйцу гойту)
-Хьанах лаьцна дуьйцу предложенехь? (Тхох)
-Хаттар ло цу дашана? (Дахара МУЬЛШ? тхо)
-Муьлха дешнаш диси вайн? (Селхана , цирке)
-Муьлхачу дашах дозаделла ду уьш?(Дахара)
-Муьлхачу дашана т1ера дала деза царна хаттарш? (Дахара )-Хаттар лол? (Дахара МАЦА? селхана, дахара МИЧА? цирке)
(Иштта толлуш д1аязйо йисина предложенеш)
4.Сада1аран миноташ.
1ам чохь баьццара ши пхьидДукха каде хьийзаш яра:
Юьхь-куьг цара дуьлура,
Дег1ах гатахьоькхура.
Когашбетташ, т1араш
детташ, Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Юха хьала а нислуш,
Багахь«къакъи» дора.
Цундела ю уьшмогуш шу а хила лууш.
(Бераша байташйоыду дег1ан меженаш хьееш).
5.Керла тема кхин д1а хьехар.
а) Берашка шайга болх байтарШардар № 125, аг1о 63.
6.Рефлекси.
-Х1ун керланиг 1еми хьуна?
7.Жам1 дар.
-Муьлханаш ю предложенин коьрта меженаш?-Кхин муьлха меженаш хуьлу предложенехь? (Коьртаза меженаш)
-Стенца хуьлу церан уьйр?
8.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 126, аг1о 63.