Къовсаман сочинени «Мерза дош-Нана»


Къовсаман сочинени«Мерза дош-Нана»
Соьлжа-Г1аларчу №35 йолчуюккъерчу юкъарадешаран
школан 9б классан дешархо Салманова МаккаХьехархо: Чемирзаева Яха СайпудиновнаМерза дош – Нана!
«… Ма хаза дош ду хьо-Нана.
Ма мерза чам бу хьо – Нана.
Дуьххьара долу дош багара,
Даккхийдеш олу вай даггара.
Шийлачохь йовхо ю-Нана.
1аьржачохь серло ю –Нана.
Мел дукха адам ду хаза,
Массарел Нана ю хаза!… »
Ч1ог1а мехала ду Дуьнена юкъара зударийн де доллушехь - 8-г1а март, нохчийн къоман куьйгалхочо Кадырова Рамзана, шен указаца, нохчинй зудчун де билгалдаккхар. Берриге а нохчийн къоман зударийн де и делахь а хьан ойланца, кхетамца, безамца хьалха х1утту ненан сибат.
Кху дезачу денца суна декъалбан лаьа массо наной, къаьсттина, дерриге а къоман нана, сий долу Аймани. Шен деган аьхна йовхо, доьзалшна а, йиша –вешина а кховдийна ца 1аш, нохчийн халкъана д1акхийдош ехаш йолу.
Дала уггаре а еза леринарг нана ю.
«Нана, сан хьоме нана» - сайн дагахь дуьйцу ас и дешнаш , наггахь меллаша а, наггахь жимма ч1ог1а а, х1ора хенахь со кхета а кхета: «Сайн ненал хьоме сан цхьа а вац». И дешнаш сан кийрахь цхьа хазачу эшарца дека. Иштта ала а лаьа : «Сан уггар дика, сан хьоме нана». Суна хаало, сайца цхьаъ хуьлуш санна, суна сайн нанна юххе хила лаьа, и ч1ог1а марайолла лаьа, цуьнга цхьа хаза дешнаш ала лаьа иза сайн жоьпана дуьхьала елаялийта а лаьа , цуьнга сайна алийта а лаьа: «Суна хьо ч1ог1а дукха еза!» Оцу хенахь суна дика хаало сан ирс, суна хетало, тхойшина цхьана дог деттадалар хезаш санна. Соьга дагара а со сайн нанна юххара д1а ца яккхало. Со теша иштта даима хир ду!
Массо а синкхетамехь волчу стеган уггаре а дагна уллера адам ду-кх нана. Заь1ап, б1аьрзе, Дала шена синкхетам к1езиг белла долу бер а ша-тайпа хьаьвза-кха нанас шех ховха куьг тоьхча, б1аьрзечунна а девза-кх ненан куьйгаш.
Оцу ненан дагах дог, дилхах дилха, ц1ийх ц1ий цхьаьна уьйш, дуьненчу дог1уш ду бер. Цундела юй те и ша-тайпа, башха марзо цаьршинна юккъехь олий хетало.
Со йоккхае сайн дикачу ненах. Цо со 1амайо оьзда хила. Бусалбачу динехь уггаре а ца магийнарг стагаца хьаг1 лелор ду олу цо. Цо суна даима а г1о до, цо сан дахар хаздо. Нана бахьанехь суна уггаре а коьрта ирс кхаьчча «Дахар».

Дуьненчохь мел веха шен ненан сий дан деза. Нана къинт1ера ца ялахь эхарте даха дог дац, вижа каш дац. Исс баттахь шен кийрахь а леладой, цул т1аьхьа и бер дуьненчу даьлча хийлаза набарха йолий ага техкош 1а нана. Г1ийлачу узамца цо Деле доьху «Массо а вочу х1уманах ларвелахь, ийманехь беркате доьзалхо велахь, халкъана, махкана пайдехьа велахь!» бохуш.
Нана, хьан сийлалла юьйцуш,
Къур1анчохь аят ду дуьйцуш…
Дуьненахь хаза лар юьтуш,
Сибат хьан диц ца ло, Нана!
Пешхоев 1абдулла
Массо а хенахь ца лаьтта наной, уьш мел беха церан сий дан деза. Бер дукха жима долуш дуьйна шен маьршачу т1ома к1ел хьулдо нанас, хьо мел воккха хиларх, дуьненчохь уггаре тешаме меттиг хьуна цу т1ома келахь бен карор яц. Мел генахь хьо хиларх ненан безамо дог токхе до. Дерриг а шен са хьуна делла дахарехь мел халонаш т1ехоттарх хьан доттаг1 хуьлий лела нана. Шен берриг а безам, ца кхоош, хазачу з1аьнаршца схьакховдабо. Муьлххачу а дарбанел дика ду ненан довха дош, к1еда куьг. Сингаттамо б1арзвина коьрте бода хьаьдча, нанна бен ца кародо цуьнан дарба.
Дикачу нанна бер- уггаре а хьоме х1ума ду дахарехь. Берана хьалхара шен дахар, шен са д1адала кийча ю нана.
Дуккха а яздина, иллеш а даьхна яздархоша, халкъо нана хестош, цуьнан дикалла а,цуьнга болу шайн безам а буьйцуш, амма дуьне дозуш мел ду, мел дукха дийцарх кхачалур йолуш яц исбаьхьаллин кхоллараллехь нанойх лаьцна йолу тема. Х1унда аьлча, нана бохург ша долу дела дийнна Дуьне. Эрна олуш ма дац вайн «Нана –Дуьне», олий. Х1окху дуьненчохь мел хилла дов-т1ом, дика-вуо нанойн дегнашкахула чекхдолуш уьш лазош ду. Къаьсттина дукха баланаш лайна нохчийн наноша кху т1аьхьарчу хенахь.
Тхан хьоме,наной! Дала тхуна ма эшадойла шу! Дала дог хьостийла шун! Дала шайн доьзалийн кхиамех даккхийдеш дуккха а дахадойла шу! Дала декъал дойла шу, Нанойн денца!!!