Урок на тему: Арсанукаев Шайхин кхоллараллех лаьцна сочинени язъяйтар. 11 класс

Нохчийн литература 11 класс
Тема: Арсанукаев Шайхин кхоллараллех лаьцна сочинени язъяйтар.
1алашо: 1)Арсанукаев Шайхин кхоллараллин мах хадо 1амор.
2)Шаьш ешначу а, 1амийначу а поэтически произведенийн анализ еш, шайн
ойланаш йозанца гайта 1амор.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Сочиненина кечам бар:
1) Арсанукаев Шайхин произведенеш карлаяхар.
2) Поэтан коьртачу теманашна т1е тидам бахийтар.
3) «Ненан мотт» стихотворенин анализ яр.
4) «Нийсонна гимн» стихотворенин анализ яр.
5) «Нагахь хьан г1о оьшуш» стихотворенин анализ яр.
3.Сочиненина теманаш билгалъяхар:
1)Арсанукаев Шайхин 1аламан лирика.
2) Нохчийн поэзехь «Ненан мотт» стихотворенин маь1на а, цуьнан мехалла
а.
3)Арсанукаев Шайхин кхоллараллехь Даймехкан а, къинхетаман а тема.
4.Сочиненина хила тарлуш йолу план х1оттор:
1.Арсанукаев Шайхин кхоллараллин некъ.
2. Арсанукаевн кхоллараллехь Даймехкан, къинхетаман тема.
3.Суна хазахеттачу произведенин анализ.
4.Произведенин маь1на а, мехалла а.
5. Дешархошка сочиненеш д1аязъяйтар.
6. Урокан жам1 дар.
7.Ц1ахь бан болх: 1амийнарг карладаккха.
Тест
1.Муьлхачу жанрехь болх бо Арсанукаев Шайхис?
А)прозехь б)поэзехь в)драматургехь г)хореографехь
2.Муьлхачу шарахь араяьлла Шайхин дуьххьарлера стихотворени?
А)1955 б)1957 в)1959 г)1961
3.Арсанукаев Шайхис ца язйина стихотворени билгалъяккха:
А) «Ненан мотт» б) «Дахаран генаш»
В) «Лаьа суна» г) «Мохкбегор»
4.Муьлхачу стихотворенина юкъара ду х1ара дешнаш: «Х1ун хаьа – кхана и дагара далахь».
А) «Нагахь хьан г1о оьшуш» б) «Гиний шуна?»
В) «Дог1а» г) «Нийсонна гимн»
5.Чекхдаха «Нийсонна гимн» стихотворенин мог1анаш:
«Адамаллин хьекъалан дозалла – Нийсо!...»
6.Сочинени-миниатюра язъе Арсанукаев Шайхин цхьана стихотворенех лаьцна (дешархоша шаьш къастайо стих-ни).



Нохчийн литература 11 класс.
Тема: Окуев Шимин кхолларалла.
1алашо: 1)Окуев Шимин кхоллараллин некъ бовзийтар;
2)Окуевн произведенешкахь забаре дерг, дахаран к1оргенех лаьцна а
дуьйцург довзийтар.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Хьалха 1амийнарг карладаккхар:
1)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
- Муьлхачу яздархойн произведенеш йийцаре йина вай хьалхарчу эхашарахь?
- Билгалъяккха шайна хазахеттарг.
- Х1ун бахьана ду шуна и хазахетаран?
- Школьни программина юкъахь воцуш цхьа а поэт а, яздархо а вевзий шуна?
- Муьлхачу авторан произведенеш еша луур дара шуна?
2)Х1ара мог1анаш муьлхачу произведенина юкъара ду?
1.«Эх1, маржа-я1, Латта,
Х1ун хили техьа?
Со орцах вер ву-кх,
Хьо Дега ма дехьа» (Ш.Арсанукаев «Мохкбегор»)
2. «Делахь а иза дика ца кхетарг дешар оьшуш хиларх божаршна санна, зудаберашна а.» (М.Сулаев «Лаьмнаша ца дицдо»).
3. «Тоьпан дашший, говза дошший
Дайша нийса лерина.
Шаьлтане цахададелларг,
Дайша дашца дерина.» (А.Сулейманов «Ламанан хьостанаш».)
4.«Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга,
Услара даггара хестийна и» (Ш.Арсанукаев «Ненан мотт»).
5.«Туркойн 1едалан омрица эзар стаг волуш Диарбекирерчу нохчех дошлойн б1о вовшахтуьйхира.» (А.Айдамиров «Еха буьйсанаш».
3.Керла тема йовзийтар:
1) Хьехархочун дош: Окуев Шимин кхоллараллин некъ бовзийтар.
2)Хаттаршна жоьпащ далийтар:
- Муьлхачу шарахь, муьлхачу меттехь вина Окуев Шима?
- Муьлхачу жанрашкахь болх бина цо?
- Х1ун теманаш билгаляха мегар дара цуьнан кхоллараллин?
- Х1ун ц1е яра Окуевн дуьххьарлерачу романан?
- Цуьнан трилогин х1н ц1ераш яра?
3) «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман йовзийтар.
4) Романан дакъош дешар, словарни болх д1а а хьош.
4. Т1еч1аг1дар.
5.Урокан жам1 дар.
6.Ц1ахь бан болх: яздархочун кхоллараллин некъах лаьцна 1амо.



Нохчийн литература 11 класс.
Тема: «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» романан дакъош доьшуш, текст т1ехь болх
бар.
1алашо: 1)Окуев Шимин кхоллараллех болу хаамаш к1аргбар;
2) Ц1е яьккхинчу романан чулацам бовзуьйтуш, яздархочун хат1
довзийтар, ешначун анализ яйтар.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.1амийнарг карладаккхар:
1)Окуев Шимин кхоллараллех лаьцна дешархошка дийцийтар.
2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
- Муьлхачу жанрашкахь болх бина Окуев Шимас?
- Ц1ераш яха шайна евзачу произведенийн.
- Х1ун забаре дийцарш ду Шимас гулдина д1аяздинарш?
-Х1ун 1алашо йолуш гулдина хилла уьш?
- Трилоги бохучу дешан х1ун маь1на ду?
3. Х1ара турпалхой муьлхачу произведенешна юкъара бу?
1) Селита, Увайс.
2) Аьрзу, Маккхал.
3) Бено, Таня.
4) Сийлаха, Ибрах1им.
5)Толстой, Услар.
4.Керла тема йовзийтар:
1) Хьехархочо терминийн маь1на довзийтар, уьш д1аяздайтар:
Сюжет – исбаьхьаллин произведенин чулацам бовзуьйтуш йолу коьрта форма.
Кульминаци – произведенехь дахаран бакъдолчуьнца конфликт къастор.
Завязка – турпалхойн хинйолу юкъаметтиг йолалун хан.
Дерзор – произведенехь х1оттийна йолу дахаран конфликт чекхйолуш хилла жам1.
2) Словарни болх д1а а хьош, романан дакъош дешар.
3)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
- Хьенан доьзал бу романан турпалхой?
- Мелимата муха латтабо доьзална юкъахь барт?
- Несарша лерам муха бо марненан?
- Х1ун конфликт ю автаро романехь гойтург?
- Хьоладайшна дуьхьало ца йинехь д1адерза тарлорий латта къовсуш даьлла дов?
5.Т1еч1аг1дар.
-Ц1ераш яха Мелиматан к1ентийн.
- Х1ун г1иллакхаш ду доьзалехь?
- Ткъолг1а б1ешо долалучу хенахь х1ун хьал х1оьттина г1ийлачу нахехь?
6.Урокан жам1 дар.
7.Ц1ахь бан болх: романан чулацам хаа, турпалхойн васташ х1итто.



Нохчийн литература 11 класс.
Тема: Романан турпалхой 1аба, 1умар, Мелимат, 1абдулла, Николай. Церан
г1иллакх-амалш гайтаран башхаллаш.
1алашо: 1)Романан турпалхойн амалш йовзуьйтуш, церан васташ х1итто
1амор;
2)Шаьш ешначун анализ ян 1амор.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Хьалха урокехь 1амийнарг карладаккхар:
1) «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» рманан чулацам схьабийцийтар.
2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
- Х1ун ала мегар ду Мелиматан доьзалх лаьцна?
- Муха хета шуна Мелиматан к1енташа 1едалан нахана еш йолу дуьхьало?
- Х1ун ала мегар дара 1абин амалх лаьцна?
- Романан турпалхойн г1иллакхаш муха гайтина автора?
3)Хьалха урокехь 1амийна йолу терминаш схьайийцийтар: сюжет, кульминации, завязка, дерзор.
3.Дуьхь-дуьхьал д1анисде дог1ург:
«Ненан мотт» Сулаев М.
«Ламанан хьостанаш» Арсанукаев Ш.
«Мохкбегор» Айдамиров А.
«Лаьмнаша ца дицдо» Сулейманов А.
«Еха буьйсанаш» Ахматова Р.
«Дагалецамийн новкъа» Арсанукаев Ш.
4.Керла тема йовзийтар.
1) «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» романан дакъош доьшуш, коьртачу турпалхойн васташ х1иттор.
2)Коьртачу турпалхойн: 1абин, 1умаран, 1абдуллин, Николайн, Мелиматан
г1иллакх-амалш гайтаран башхаллашна т1е тидам бохуьйтуш, цара деш долу г1уллакхаш дийцар.
3)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
- Хьенан дахарца дуста мегар дара 1абин дахар?
- Муха бо 1абас бекхам шен доьзална зен динчарна?
- Мелиматан хьекъалх тилар х1унда хилира техьа?
- Мелимат доьналла долуш хиларан х1ун масалш дало мегар дара?
4) 1абин, Николайн васташ х1оттор
5) Керла терминаш йовзийтар
Композицис чулоцу произведенин васташ а, уьш кхуллуш долу исбаьхьаллин басарш а.
Эпитет – исбаьхьаллин маттахь х1уманах къаьсттина хаза кхетам луш долу дешнаш.
5.Т1еч1аг1дар.
6.Урокан жам1 дар.
7.Ц1ахь бан болх: романан чулацам хаа, коьртач утурпалхойн васташ х1итто.

Нохчийн литература 11 класс
Тема: Рашидов Шах1идан поэтически кхолларалла. Лирически турпалхочун
ойланаш, синхаамаш. Цуьнан халкъах махках доглазар. «Баланах дуьзна
дог», «Пондар боьлху».
1алашо: Ц1е яьккхинчу поэтан стиашязъяран хат1 довзуьйтуш, цуьнан
кхоллараллех болу хаамаш к1аргбар.
Лирчески турпалхочун амалш муха гайтина а, авторан халкъах мел дог
лозу а гайтар, цуьнан стихаш масала а эцна.
Урок д1аяхьар.
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.1амийнарг карладаккхар.
3.Керла тема йовзийтар:
1)Поэтан биографех болу хаамаш бовзийтар (дешархоша йина доклад).
2)Хьехархочо доклад шегара т1етухучуьнца кхочушъяр: 60-чу шерашкахь вайн махкахь шуьйра йовза йолаелла поэтан Рашидов Шах1идан ц1е. Иза вина 15-чу ноябрехь 1940-чу шарахь Энгель-юртахь. Сталинан къиза политика бахьанехь, бералла генарчу Г1ирг1азойн махкахь д1аяхна цуьнан. Нохчийн халкъ ц1а дирзинчул т1аьхьа дуьйна вехаш а, 1аш ву иза ша винчу юьртахь. Школехь дешначул т1аьхьа чекхъяьккхина цо Нохч-Г1алг1айн хьехархойн институт. Х1етахь дуьйна болх бина Къона т1аьхье кхетош-кхиош хьехархочун, школан директоран даржехь.
1968-чу шарахь дуьйна цхьаъ вукхунна т1аьххье арайийла йолало Рашидовн стихийн. Поэмийн гуларш: «Гуьйренан тхи», «Седарчийн буьйса», «Дайн латта»,
«Дахаран аре», «Ненан б1аьрхиш», «Дикалла» и.д1.кх.а. Цуьнан поэзин коьрта теманаш Даймохк, Нана, безам ю.
3) «Баланах дуьзна дог» стихотв-ни ешар, анализ яр:
1.Со муха хьожур ву хьоь велавелла, 2. Со муха г1оттур ву сакъераделла,
Баланах хилча дог дуьзна? Ца соцуш боьлхуш гуш наной?
Схьагуш бу кегийраш харцонехь белла, Суьйренца ц1а веъча аренца лелла,
Нохчийчоь тезетех юьзна. Биц ца ло тишбелла къаной.
3.Со муха вуьжур ву парг1ата ваьлла,
Г1овг1анехь дуьйлучу герзийн?
Йо1 йигна г1аьттича ненан мохь баьлла,
Ж1аьло а лехча шен к1езий.
4.Ас х1ун де? Мила ву тешна т1етовжа?
Мила ву г1о лаца вайна?
Адам а кхеташ дац, дисна дог 1овжа,
Массо ву баланаш лайна.
5Цхьаццанна бахам бен х1уммаъ ца оьшу,
Вукхунна нуьцкъала герз а.
Нохчочун сий цара когаш к1ел хьоьшу,
Ца оьшу пондаран мерз а.
4)Словарни болх д1абахьар: къаной, мерз.
4.Т1еч1аг1дар.
5.Урокан жам1 дар.
6.Ц1ахь бан болх: стих-ни дагахь 1амо, Рашидовн биографи хаа.

Нохчийн литература.
Тема: Хамидов 1абдул-Хьамидан кхолларалла. (Хьехархочо хаьржинчу произ-
веденина т1ехь болх бар.)
1алашо: 1)Ц1е яькххинчу яздархочун произведенех болу хаамаш к1аргбар.
2)Цуьнан произведенин ша-тайпана хат1 билгалдаккхар.
3)Дахаран новкъахь диканиг, вониг къасто 1амор.
Г1ирс: яздархочун портрет, цуьнан произведенийн гулам.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Карладаккхар:
1)Хамидов 1абдул-Хьамидан кхоллараллех лаьцна шайна хуург дийцийтар дешархошка.
2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
- Х1ун ду Хамидовн произведенеш кхечу яздархойн произведенех къастош дерг?
- Муьлха произведенеш ешна аш Хамидовн?
- Шуна хазахеттарг муьлха ю?
- Х1унда хийтира шуна и хаза?
3)Шаьш ешначу произведенийн боцца чулацам схьабийцийтар.
3.Нийсаниг къастор:
1) «Лийрбоцурш» драмин турпалхо мила ву?
а)А.Шарипов б)Х.Нурадилов в)Абубешар г)Ахьмад
2) «Бож-1ела» пьесин турпалхо мила вац?
а)Сутарби б)Недалг в)Зулай г)Хьамид
3) «Экзамен хаттар» дийцаран коьрта тема х1ун ю?
а)ненан мотт хаа безар б)Даймохк беза безар
в)г1иллакх лело хаар г)тешаме хилар
4.Керла тема йовзийтар:
1)Хьехархочун дош: Хамидовн произведенеша вайн халкъ т1ом д1а а баьлла, кога доьдучу хенахь, вайнахана юккъехь хилла долу цхьаццаболу кхачамбацарш д1адахаран 1алашо йолуш язйина ала мегар долуш ю. Забаре, самукъане ю уьш дукхахъерш. Х1инца а дукха наха хазахетарца т1елоцу 1абдул-Хьамидан произведенеш т1ехь х1иттийна йолу спектаклаш. Царах ю «Бож-1ела» а, «Лийрбоцурш» а. Тахана вай йийцаре йийр ю «Мохсолтин доьхна де» ц1е йолу пьеса.
2) «Мохсолтин доьхна де» пьеса ешар, словарни болх д1а а хьош, йоьшшушехь анализ еш.
3)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
- Тидам биний аш авторо шен турпалхочунна тиллинчу ц1еран?
- Х1унда тиллина и ц1е иштта?
- Муха кхаьчнера Мохсолта кху пьеси т1ехь юьйцучу метте?
- Х1ун бекхам хуьлу харц новкъа ваьллачунна?
5.Т1еч1аг1дар.
6.Урокан жам1 дар.
7. Ц1ахь бан болх: Хамидовн шаьш къастийна произведенеш еша.

Нохчийн литература 11 класс

Тема: Ахмадов Мусан кхоллараллина т1ехь язъечу сочиненина кечам бар,
язъяйтар.

1алашо: 1)Ахмадов Мусан кхоллараллех болу хаамаш таллар.
2)Дозуш долу къамел кхиор.
3)Шаьш ешначу произведенех лаьцна кхоллаелла ойланаш йозанехь
гайта 1амор.

Г1ирс: «Орга» альманахаш Ахмадовн произведенеш т1ехь йолуш.

Урок д1аяхьар:

1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Сочиненина кечам бар:
1)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
- Муьлхачу жанрашкахь болх беш вара Ахмадов Муса?
- Ц1ераш яха шайна евзачу произведенийн.
- Муха гайтина шен произведенийн турпалхой Мусас, х1ун нах бу уьш?
- Муьлхачу яздархоша г1о дина лору шена Мусас?
- Сатирически произведенеш муьлхарниш лара мегар яря цо язйинчарех?
2) Сочиненина теманаш билгалъяхар:
1. Ахмадов Мусан кхоллараллин коьрта проблемаш, теманаш, турпалхой.
2.Оьздангаллех ца бухуш, муьлххачу а халонех чекхбуьйлу турпалхой.
3. Ахмадов Мусан сатирически произведенеш.
3) Сочиненина хила тарлун план х1оттор:
1. Ахмадовн кхоллараллех лаьцна хаамаш.
2.Шаьш билгаляьккхинчу произведенин анализ.
3.Цу произведенин турпалхойн г1иллакхаш, церан леларш.
4.Произведенин мах хадор.
3. Тетрадашна т1ехь болх байтар.
4. Сочиненеш схьалахьор.
5.Ц1ахь бан болх: Эдилов Хасмохьмадан шаьш къастийна стихотворени я дийцар кечдар.




Нохчийн 11 класс литература 05.12.12 шо
Тема:Арсанукаев Ш. Дуьненан,1аламан,ненан меттан беркат.
«Гиний шуна?»,»Дицдина илли»,»Ненан мотт»
1алашо:1)Ц1е яьккхинчу яздархочун произведенех болу хаамаш к1аргбар.
2)Цуьнан произведенийн шатайпана хат1 билгалдаккхар.
Урок д1аяхьар :
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Карладаккхар:
1)Арсанукаев Шайхин кхоллараллех шайна хуург дийцийтар дешархошка.
2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
-Х1ун ду Арсанукаевн произведенеш кхечу яздархойн произведенех къастош дерг?
-Муьлха произведенеш ешна аш цуьнан?
-Шуна хазахеттарг муьлха ю?
_Х1унда хийтира шуна и хаза?
3.Нийсаниг къастор:
1.»Тимуран тур» поэмин турпалхо мила вац ?
а)Борзаб1аьрг б)Абубешар в)Аьрзу г) Эсира
2)»Ненан мотт» стихотворенин коьрта тема х1ун ю?
а)Даймохк безар в)г1иллакх лело хаар
б)тешаме хилар г)ненан мотт хаа безар
3.Муьлхачу жанрехь болх бина Арсанукаевс?
А)прозехь б)поэзехь в)драматургехь г)хореографехь
4.»Ненан мотт» стихотворенин анализ яр.
5.»Гиний шуна?» стихотворенин анализ яр.
6.»Дицдина илли»стихотворенин анализ яр.
7.Урокан жам1 дар:
-Стихотворенеш ешча х1ун дог-ойла кхоллало шун?
-Дуьненца а,шена гонахарчу дахарца поэтан йолу юкъаметтигаш гой вайна цуьнан лирикехь?
8.Ц1/болх:Арсанукаев Шайхин шаьш къастийна стихотворени 1амор.






11 класс Нохчийн литература 12.12.12 шо
Тема:Арсанукаев Ш.»Кхолламан сизаш»роман.Б1аьхойн васташ.
1алашо:1)Даймехкан т1амехь б1аьхоша турпаллица Даймохк мостаг1чух 1алашбар романехь гайтар.
2)Ешначун анализ ян 1амор.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Хьалха 1амийнарг карладаккхар:
-Муьлхачу шарахь язйина «Кхолламан сизаш» ц1е йолу произведении?(1987)
Муьлхачу жанрийн кепехь язйина цо иза?(Стихашца язйина роман.Иза нохчийн литературехь хилла кхиам бу,х1унда аьлча цо и роман язъяллалц нохчийн литературехь оцу кепехь роман яцара.)
-Х1ун дуьйцу «Кхолламан сизаша»,кхечу яздархоша ца аьлларг х1ун карийра А.Шайхина?
(Нохчийн литературехь цхьанна а яздархочо кхоьллина дацара 30-г1а шераш чекхдовлуш кхиъначу нохчийн кегийчу нехан васташ.И кегий нах шен халкъана тешаме а,хьекъале а ,сий деш шайн синош кхоор доцуш кхиънера.Царех бу романан коьрта турпалхой Ризван а,Зарган а .
-Х1ун коьрта теманаш ю романан?(Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман а ,доттаг1аллин а,безаман а.Ризван бакъволу нохчийн оьзда жима стаг ву,цуьнан ц1ийца ду доттаг1аллин хама бан хаар.Иза школехь доьшуш волчу хенаххь тасаделира цуьнан Эльдарца доттаг1алла.Къаьсттина к1орггера чулацам болуш а ,шуьйра а диллина Арсанукаев Шайхис Ризванан а,цуьнан оьрсийн шина доттаг1чун васташ.Уьш ,т1ом болабелча,д1аязбелира ополченин декъашхой хила.Уьш майра лета мостаг1чух.Цхьана т1амехь воь цу шиннан доттаг1 Виктор.Цуьнан ч1ир оьцуш,дарвелла лета ши доттаг1.
3.Романан дакъош доьшуш,коьртачу турпалхойн васташ хиттор:
4.Урокан жам1 дар:
-Фашистки Германица хиллачу т1амах лаьцнадуьйцуш,Арсанукаевс йо к1орггера философех йолу ойланаш:хьан,х1унда,х1ун бахьана долуш буьйлало т1емаш,х1ун лоьху т1ом бечу наха,х1унда х1аллакбо цара вовшийн,хьалха цкъа а гина а боццушехь?
5. Ц1/болх: романан чулацам хаа,коьртачу турпалхойн васташ х1итто.










15